– Вуй шух цхьа а хаттар дан лууш? – мохь туьйхира Бештос. – Пурба ду шуна.
Йуккъехьо лаьтта Мӏаьчиг, нах дӏаса а теттина, хьалха велира:
– Ас хоттур дара.
Бота, цӏоцкъамаш хабийна, жергоне хьоьжура коьрта тиллина, чорха тӏе лаьцча санна, йистош йашайелла кхакханан куй а, дерзинчу дегӏа тӏехула йуьйхина модаша йуьзна тиша гӏовтал а, цунна тӏехула эттӏа, летийна, хьакхарша ӏаржйина кетар а йолуш оза-вехачу стаге.
– Цига кхелхачунна ӏедало гӏо дийр долуш-доцуш, муха ду?
Ботас хаттар гочдира. Полковнико сихха жоп делира.
– Некъана харж йийр йу ӏедало. Новкъахь даьхнина докъар а… Цул сов, шайн сов-ков хӏума йохка луучарна аьттонна Шелахь, Несарахь, Оьрза-Гӏалахь а базарш йехкина. Амма цӏеношший, латтий дохка бакъо хир йац.
– Ткъа Киши-Хьаьжа а, цунна тӏаьххье лецна нах а Хонкара бохуьйту бохург бакъ дуй?
– Хӏаъ, уьш цига дӏабахийта аьлла, омра ду паччахьан.
Майданахь гӏовгӏанаш йевлира. Мила хьаьнга лоь ца хаьара.
Цхьаболчара эпсаршка маьхьарий беттара, вукхара вовшашлахь къуьйсура.
– Хӏинца-м аьшпаш буьттура цара!
– Киши-Хьаьжас дуьненан паччахье хоьттур дац шена луург.
– Иза-м, набахтин тхов меллаша хьала а айъина, ара а ваьлла, дӏа хьаха ваханера.
– Латта тоац бохийца! Тоьур ду, тхоьгара дӏадаьккхинарг йухалахь!
– Цулла, Шамурзин Бота вац ткъа, масех бӏе урд шен дола а дерзийна ӏаш! И нахана дӏа хӏунда ца ло ахь?
– Гӏовгӏанаш! – мохь туьйхира Бештос, шен карара ӏаса хьала а лаьцна. – Хӏара хӏун ду аш тахана дийриг? Шу ма гӏиллакхах доьхна? И стаг мел, мухха велахь а, вайн йуьрта веана ву. Шен хӏусаме веанчу стаге йуьйцу и хабарш? Шайн цуьнца нисдан дерг Ботин кӏотара а гӏой нисде! Кхузахь аш гӏовгӏанаш йарх, геш йузур йац шун. Тоийта, Бота, тхо кхеташ ду полконако дуьйцучух. Шена ваха луург Хонкара гӏур ву, ӏан луург цӏахь ӏийр ву. Кхин хеттарш дац тхан.
Ша ца везаш наха кхуьйсучу дешнаша йуьхьах цӏе летайора Ботин. Кхечу хьолехь цара и хабарш дийцича-м, дан вон дара цуьнан а. Ша циггахь верина вовшахвоккхург хилча а, тӏе а вахана, оцу бетах хӏума тухур йара. Амма лакхара охьа омра дара, нахе ма-хуьллу хаза хабар дийца, царна йуккъехь маслаӏат де аьлла. Цундела, мел хала делахь а, садетта дезара.