…Аргунски округехь цхьацца нах бовлу вайн порядкашна резабоцуш, хьалхалера маьршачу дахаре сатуьйсуш, ткъа и ойла йолчу нехан парти цахиларна, гӏаттам бан дагахь хеталац халкъ, амма оцу тайпанчу эладитанаша адам шен кхетамца меллаша, кӏез-кӏезиг, амма тешамболлуш, гӏаттамна кечдо, оцу хьелашкахь цо деш дерг хаа а, хьалхе йаккха а йанне таро йац. Нагахь и эладитанаш вай орамца дӏа ца хедадахь, хуьлуш долчу тӏехь кхетамца куьйгалла дан таро-м муххале а хир йацара вайн, ткъа ваьш а цунах дозучу хьолехь хир ду.
Нохчийн кхалхаран гӏуллакхан ӏаламат доккхачу маьӏнех а, цунах вайна хуьлучу пайданах а кхетачу ас вайн правительствон агенто, Жимачу Нохчийчоьнан наибо Сайдуллас шен ӏалашо кхочушйан хаьржина некъ харцхьара хилар, оцу некъо халкъ кхалхарал хьалха гӏаттамна тӏедуьгург хилар хьан сийлалле дӏахаийтар сайн декхар лору.
Хьан Сийлаллин тешаме йалхо
А. Ипполитов.
Шатоевски гӏап»