паччахьан хьаькамаш байъар. Уьш байъарх кхачалур бац. Вийначун метта цул къизаниг валаво. Варас вийначу хӏор а хьаькаман цӏарах бӏеннаш адамаш Сибрех хьийсадо. Йарташкара даккхий гӏуданаш доху. Оцу балхо малбо гӏаттамна беш болу кечам. Хӏор а бӏаьхо цуьнца оьзначу дешин меха вайн бӏеннаш къонахий Сибрех дӏахьийсабо, паччахьан эскарша йарташка йечу таӏзарийн экспедицеша цкъа а меттахӏуттур доцу зен до кху тӏаьххьарчу хенахь дийнахь а, буса а къахьоьгуш кечбечу гӏаттамна. Вара кхета веза цунах. Нагахь баьччанийн кхеташонан сацамаш къобалбан Варина ца лаахь, цара хьакъдоллу таӏзар дийр ду цунна. Варас Къуръан тӏехь дуй ма биъна кхеташонан сацамаш кхочушбан.
Хӏаъ, Варина ца бицбелла ша биъна дуй. Лурчах ӏай дара иза. Бенахь, дуьхьарлерчу кхеташонехь.
«Дала вазвина ваийтинчу Мухьаммад пайхамарехула бусалба адамашна доссийначу Делан хӏокху дезачу Къуръанах дуй бууш, ас тоьшалла до, – Къуръанна тӏе куьг диллина, чӏоггӏа, хӏор а дош къостуьйтуш, Маккхална тӏаьхьара элира Варас, – мостагӏаша сийсазбен сайн даймохк маьршабаккха, сайна чохь са мел ду, халкъан маршонехьа къийса, цуьнан дуьхьа сайн са дӏадала сацамболлуш догцӏена кхуза со веана хиларна. Ас дуй боу, тховса кхузахь а, тховсачул тӏаьхьа а тхьамданийн кхеташонехь дийцинарг, гинарг, хезнарг къайлехь латто. Ас дуй боу, кхузахь а, кхечахьа а, тховса а, тховсачул тӏаьхьа а тхьамданаша биначу бартана муьтӏахь хила, нагахь церан и барт а, цара суна тӏедожийнарг а сан а, сан халкъан а сий дойъуш дацахь. Нагахь ас хӏара дуй къарбахь, халкъан гӏуллакхна ас харцо йахь, сайн цӏий хьаналдо ас кхузарчу тхьамданашна а, сайх бекхам эца цара билгалвинчу муьлххачу векална а. Амин!»
Хӏаъ, иза лурчах дара. Цул тӏаьхьа Варин дог-ойла буххенца хийцайелла, тӏекӏелйаьлла. Вара догдика, къинхетаме стаг ма вара. Амма къинхетамечу даг чу йуссуш а хилла-кх и къизалла. Цуьнан шен бертаза. Вара къиза хилар цуьнан бехк бац. Паччахьан ӏедал ду и къизалла, оьгӏазло, харцонаш адамийн дегнаш чу йаржош. Цӏаро дагийна, цӏийдина, кӏуьро ӏарждина, хӏинца а хазза алу йанза, сийсаш лаьтта паччахьан эскарша йагийна йарташ. Хӏинца а тӏе буц йалаза ду