къоначу Соняс цуьнан лерехь дина шабаре къамел. Мундирна тӏера схьайетталора цунах йисина дезачу ӏатӏарийн хьожа.
Ткъа йоьӏан нана Нина Ивановна резахилла хьоьжура цушинга… Оххӏай, кху Кавказе веачхьана, цуьнан самукъадаьлла буьйса и цхьаъ йара-кх. Кхин йогӏур йуй-те иза?
– Кху махкахь вешан олалла чӏагӏдархьама вайна оьшург нохчийн къоман бӏаьхалла кагйар ду. Амма иза дан вайн ницкъ кхочур бац, нагахь санна, ӏедало сацам тӏеэцна ма-хиллара, царах цхьа дакъа кху махкара дӏа ца даьккхича. Нагахь санна уьш нуьцкъала махках баха вай гӏортахь, гӏуллакх вайна инзаре зен ца хуьлуш доьрзур дац. Цундела, герзан ницкъе ца кхевдаш, уьш махках баха вайна цхьаъ бен некъ ца буьсу – царна йуккъехь къайлаха агитаци лелорца, уьш Турце кхалхарна тӏебигар. Нагахь и гӏуллакх кхочушдан вайн ницкъ кхачахь, цунах ши пайда болу: царалахь уггар карзахе нах махкахбахарца бисинчийн бӏаьхалла кагйина, керлачу гӏовттамех гуттаренна а цаьрга догдиллийтар – цхьаъ. Шолгӏа – махках бевллачех дуьсучу лаьттаца вайга бухабуьсучарна кхачо йалур йу.
«Суна хаьара, хӏара вахлур вуйла, – ойла йора Святополк-Мирскийс, Тумановн хьаьвзинчу бехачу мера кӏел ловзучу «полла» беш тодинчу морсачу мекхашка а, дуькъа, дехачу гиччошка а хьоьжуш. – Къамелна дукха тӏера бай хӏара кавказцаш-м. Стенна оьшу, шозза шиъ диъ хилар чӏагӏдеш, оццул деха хабар?»
Цунна уллохь хиъна ӏен 79-чу Курински полкан командир, Ичкерински округан начальник полковник Николай Никитич Головаченко, шена хьалха ӏуьллучу кехат тӏе къолам хьоькхуш, суьрташ дохкуш воллура. Святополк-Мирскийна гира цу тӏехь говр-береш, зударийн кортош, дехьо хиъна ӏачу 78-чу Навагински гӏашлойн полкан командиран полковникан Дмитрий Виссарионович Комаровн кӏунзале корта а. Амма элан хьажар дехха сецира цхьана маьӏӏехь леррина йиллинчу тангӏалкхах корта разбаьккхина кхозучу ламанхочунна тӏехь.
«Чов йина, йийсаре а лаьцна, ша Хаси-Юьртарчу килсан майданахь ирхъоьллинчу Бойсагӏаран сурт-м дац хир ду цо диллинарг?» – иккхира элан даг чу.
– Амма нохчий Турце кхалхор а дац атта гӏуллакх, – дуьйцура хӏинца а гӏуллакхна тӏевала генаволчу эло Тумановс. – Халонаш