Цкъа схьа карадуьйлал шу,
Тӏаккха сихха гойтур йу
Тхайн набахтийн чӏагӏалла,
Йуьйцинчу шодмийн ондалла,
Болатан буржалш туса а,
Сибрех шелехь уьш лело а –
Дерригенах кхетор ду, шайн
Хьоме лаьмнаш схьа ма-делли…
Т. Г. Шевченко. «Кавказ»
Кхушара хьалххе йеара бӏаьсте. Хӏетта хьалакъеддачу буьйдачу бацо сенйинера маьлхан басеш. Хьаннийн йистошкахь гучудуьйлура кӏайн, можий, сийний зезагаш. Сенарш даьхнера хьаьрсачу хьечаший, туьркаший. Цхьа бутт бара даьхний дажа лоьхку. Дежийлашкахь хӏинца а буц йацара, амма, сарралц кхаш тӏера гӏовда лехьайой, туьппалгаш санна а хуьлий, цӏа доьрзура уьш.
Амма бӏаьстенна аха араволуш Хортӏий, кхин цхьа масех стаггий бен вацара Гати-Юьртахь. Хиндерг цахааро дог даьккхинера дерригенах а. Шаьш кху махкахь дуьсург хиларх тешам байъинера нехан. Йа Турце, йа Россех – цушиннах цхьанхьа. Шахьби коьртехь волуш цхьа иттех доьзал Турце кхалха кечлуш бара. Бисанчийн ойла йацара махках бовла. Нагахь шаьш нуьцкъала махках даха йа керста дине дерзо хьовзадахь, зударшций, берашций цхьаьний летта хӏаллакьхила сацам бина, севццера уьш. Амма йалташ дерна кечам бан гӏерташ вацара цхьа а. Хӏун до эрна къахьегна? Къиза балица оханаш а дина, даа а доцчу йалтех даьккхина хӏу а тесна, цара и кхиийча, тӏаккха а ма ду иза салташа буьйда доллушехь хьаькхна охьадуьллур.
Мӏаьчига бехк ца буьллура нахана. Кху тӏаьххьарчу ткъе итт шарахь масазза хӏаллакдинера церан йалташ. Тӏаьххьара минот тӏехӏотталц летий, дийна бисинарш орца кӏегарбовлура уьш. Тӏаккха йолалора акха къизалла. Уггар хьалха цӏе тосура йуьртарчу цӏенойх. Дагадора цара ӏаьржачу денна хьежо йалтийн рицкъанаш, ӏаьнна кечдина докъарш. Дагаршца хедош, охьадохкура хиллачу стоьмаша саттийна бошмашкара дитташ. Хьайбанаш шаьш ларочулла дӏадуьгура, дуьсучарна тоьпаш йеттара. Ца дуьтура кхаш тӏера хилаза долу йалташ а. Мангалшца хьоькхуш, говрашца хьоьшуш, хӏаллакдора.
Дайшкахь дуьйна схьа масех бӏе шарахь цара хьацарца ӏаӏийна материале а, культуре а хьал цхьана дийнахь акхараллица хӏаллакдора къацахетарша.
1 - Патарш, чӏенигаш