кедаш. Дала некъ нисбойла шун!
– Амин!
Ӏалхас шен кад вист ца хуьлуш дӏамелира.
Данчӏ ас шениг, бете а баьхьна, охьахӏоттийра, амма ӏалха тӏе урх йиллина мала волавелира.
– Шу хӏунда доьлху Турце? Тхоьца вон ду шуна? – хаьттира Беллика Данчӏега.
– Мел вон делахь а, ӏийр дара тхо-м. Латта ца хилча, тхо муха дехар ду кхузахь? Тхан латта аш дерриг дӏадаьккхина, цундела цхьаболчу нехан туркойн махка кхалха ойла йу. Нагахь тхо бертахь кху махкара дӏа ца довлахь, нуьцкъаха тхоьгара герз дӏаэца, хӏор а син цӏарах цхьацца туьма йасакх йаккха, салт баха уьш аьлла, дина омра ду, боху, паччахьан. Хӏинца хаьий хьуна, кхузахь дийна ӏен тхан йиш йоцийла?
– Уьш-м хабарш дара! Полковнико Муравьевс ца дийцина шуна и хабарш цхьа а тайпа бух боцуш хилар? Паччахьо иштта эр дац, цунна шу дукхадеза. Кху пачхьалкхера дерриг халкъаш, йукъара цхьаъ къасто йиш йоцуш, цхьа доьзал ма бу цуьнан.
– Хӏан-хӏа, Беллик, ас дуьйцург бакъ ду. Ткъа полконако тхуна дийриг дуьххьалдӏа маслаӏат ду. Нохчийчохь цӏарна а цӏейахана, Далла санна, паччахьна а муьтӏахь тхан наиб Сайдулла, ӏалгӏула, Боташ, кхин масех молла а ву халкъе и дӏакхайкхош. Тхо туркойн махка ца кхелхича девр дац. Цигахь, тхо санна, бусалбанаш а, бусалба паччахь а ву, тхуна къастийна, хӏара тхайниг санна, дика латта а, хӏусамаш а йу, боху.
– Ткъа нах реза буй Турце кхалха? – иза зен гӏертара Беллик.
– Дай баьхна латта а, дайн кешнаш а дитина, винчу махках валар мел хала делахь а, ӏедалх кхерабелла цхьакӏеззиг нах, шайн миска бахамаш бухкуш, цига дӏабаха кечлуш бу. Цхьа таронаш йерш. Амма дукхахберш кхузахь совцур бу тӏаьххьара минот тӏехӏотталц, шайга, дала лаьа шуна йа даха лаьа шуна, аш аллалц.
Белликан а, Данчӏин а къамеле сема ла а доьгӏуш, шена дуьтту чагӏар а муьйлуш ӏачу ӏалхас, цергаш а хьакхийна, цхьаъ бен боцу шен беза буй стоьла тӏе тоьхна, пхьегӏаш ирхйахийтира.
«Варраш-йаӏ, лергаш деха варраш! Шу-м, шайга жимма а хаза вистхилча, ца мегий», – шен дагахь кхин а маьттазчу дешнашца хьешашна неӏалт хьежош, мундира тӏе деттаделла чагӏаран цинцашна йовлакх хьаькхира полковнико.
Накъосто динарг ца тайна, Данчӏа бехкбоккхуш хьаьжира ӏалхе, амма цуьнан бехна цӏийбелла