Шаьшшинна йуккъе доьзалхо воьлча, доьзалхочуьнга болу безам дега баларе догдохуш, и дуьнена валаре са а тийсира цо. Амма Эсетах доьзалхо ца хьаьрчара. Чевнаша заьӏапвинчу Гатин, хӏуъу делахь а, оцу агӏор цхьаъ галдаьллера.
Гати дика кхетара зудчун дагах. Хаьара, иза шега хӏунда йеана, шегахь хӏунда ӏа а. Цундела цо йовхо ца йоьхура Эсете. Цкъа а дов ца дора. Мелхо а, Гатин чӏогӏа бӏаьрг буьзнера, шайн доьзалан ирсан дуьхьа шен ирс а доьхкина, шеца дуьне декъаза дуучу оцу зудчун къонахаллех. Цамгаро кӏелвитина ша кестта лийриг хиларх тешна вацахьара, кхечуьнца хьайн ирс лаха аьлла, тоххара йитина а хир йара цо иза.
– Эсет, вайшиннан доккха къамел хир ду тахана, – элира Гатис, гота дӏахецна, стерчий дажа а лаьхкина, делкъе йина, шаьшшиъ паргӏатдаьлча. – Ас дош делла Шахьина Хонкара дӏаваха.
Шен йехий, стаммий ӏаьржа кӏажарш дӏахьерчош йоллу Эсет, ши куьг тӏехьа даьххьинчохь йогӏа а йелла, къаьрззина майрачуьнга а хьаьжна, йисира. Шена хаа а хууш чехкаделира цуьнан деган деттадалар. Хӏинца хили иза кхоьрург. Йа, ша церан дуьхьа безам а, ирс а дӏаделла дуьне декъаза даа кӏелсецначу доьзалх а къаьстина, цавезачу майрачуьнца махках йала йеза иза, йа, и заьӏап майра хийрачу махка ша дӏа а хьажийна, нехан неӏалта кӏел цӏахь саца йеза…
– Ахь хӏун до ткъа хӏокху кха тӏехь хӏара къахьоьгуш? – хаьттира цо саметтайеача.
Цунна иза гуш йацахь а, Гатих къайла ца делира зудчун кхерайалар. Иза шера гора цуьнан дегочу озаца.
– Йоха ма йоха хьо, Эсет! – гӏайгӏане велавелира иза. – Хьуна бохамехьа доккхур дац вай хӏара гӏуллакх. – Тӏаккха, вехха вист ца хуьлуш ӏийна, тӏетуьйхира цо: – Суна ца хаьа, моьтту хьуна, хьо сайга муха йеана. Дерриг хаьа. Хала ду дезарг дита а, цадезарг тӏелаца а. Тутмакхо санна, даьккхина ахь соьца хӏара диъ-пхи шо. Соьца цхьана тхов кӏел йуьжуш-гӏоттуш, цхьаьна шуьне хуьйшуш, модайоьлла сан бедарш йуьттуш, эттӏарш летош. Йиллина суна хьалха хьийзаш. Амма со тӏулгал башха ца хеташ. Цул доккха ӏазап дац адаме дан. Ший а дара вайша ӏазапехь. Вайша и дерриг ловра. Ас – со заьӏап хиларна, ахь – хьайн мискачу доьзалан дуьхьа.
Майрачун хӏиттина бӏаьргаш кхуран дерзинчу гаьннаш йуккъехула йекхначу стигала хьуьйсура.