Хӏетахь дуьйна Лорис-Меликовгӏара, шайн синош а, бахам, хьал а лардан гӏерташ, дуккха а паччахьаш хийцина ца ӏаш, дин хуьйцуш меттигаш а йина. Амма царна а, вукхарна а шаьш кӏелнисделлачунна доггах а, тешаме а гӏуллакх дора. Иштта тешаме хилира церан тайпа оьрсийн паччахьашна а. И тешам бахьана долуш, ткъе шийтта шо хьалха императоро оьрсийн дворянство йелира Лорис-Меликовгӏарна…
– Со-м гӏалат хила а тарло, хӏетте а, сайна хета кхин цхьаъ а ала лаьара суна, хьомсара Михаил Тарелович, – кхидӏа шен лекци йоьшура Кундуховс. – Хӏара ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гӏуллакхдеш хилла кхечу мехкашкара схьабевлла эпсарш хетало суна. Царах дукхахболчарна бен а ма ца хета Россин а, кхечу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулаш, хьал а лаха ма богӏу. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медем, Кек, Рик, Пьери а, кхечу мехкашкара схьабевлла кхин-кхин а авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица хьийшира шайна тӏехь олалла латточу гӏебартойн а, гӏумкийн а феодалашна дуьхьал нохчийн гӏовттамаш. И шайн къизаллаш оьрсийн правительствон цӏарах лелайора оцу командираша. Ткъа правительствос совца-м мухале а ца дора церан къиза гӏуллакхаш, мелхо а, шена хӏумма а ца хуучуха, бӏаьргаш хьаббой, ӏара. Церан болх хета суна шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гӏаттар. Хӏеттахь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш, инарлаш йухаоьзнехьара, хӏокху тӏаьххьарчу иттаннаш шерашкахь шина а къоман цӏий ӏенна хир дацара. Амма и ца дира правительствос. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан, цхьанаметтехь диначу къизчу тохарца нохчий къарбарца кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха дезаш хийтира. Амма нохчашна дага а ца догӏура къизаллина кӏелсовца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кӏарглора вайн инарлаший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Ламанхошна а, оьрсашна а йуккъехь машар кхайкхочу меттана, царна йукъа питанаш, дӏовш туьйсуш, мостагӏалла марсадохура.