доьттина, чу тӏелхигаш йухкуш бина кхийра чиркх. Боданах бӏаьргаш боьлча, цаьршинна гира кӏуьро ӏарждина, сегӏаз хьаькхча санна, къега дерзина шога пенаш. Ледара хьаьхначу дуьйцинчу царах, дуьхьало йоцуш, маьӏ-маьӏӏехула чу мох хьоькхура. Цӏа чу воллучохь пенах тоьхначу дечиган стоммачу хьостамах хьала а тесна кхозура неӏаран метта оьллина тиша палс. Махо чутоьттуш, араийзош, лоьлхуьйтура кегийчу корашка диттина стерчийн дуткъа ахкаргаш. Пенийн баьрчера ога лоцуш тоьхна доккха къорза истанг дуьзна морзахдохуш оьхкина кхелина герзаш. Товханахь стоммачу зӏенах кхозучу боккхачу цӏестан йай чохь, ӏаь туьйсуш тӏекӏелдуьйлуш, кхехкара дерстинчу жижиган тӏассаш.
Цӏенкъа даржийначу истангашний, кхекхашний тӏехь, настарш кӏел оьзна, хевшина ӏара нах. Баьрчера меттиг дӏалаьцнера баккхийчу наха. Царна йуккъехь вара бенойн Солтамурд, регӏатӏойн Болатха, зандакъойн Бӏагӏало, зумсойн Залма. Дуьхехь болчу нахана йуккъехь хевшина а, хӏиттина а бара Залмин Дада, цӏонтаройн Сулима, шелахойн Берса, гунойн Гӏубха, Майртуьпара Муслойн Шоӏип, ӏаьларойн Тозуркъа, бенойн Сулима-Хьаьжа, Сайдул-Хьаьжа, харачойн Тоза а.
Солтамурде лохха масех дош аьлла, ламаз кхайкхийра Болатхана. Цӏенкъа йаржийначу хьардаш тӏе тийсинчу кхекхашна тӏехула шайна тӏера схьадаьхна чоэш а, гӏовталш а йаржийна, Болатханна тӏаьхьа ламазна хӏиттира нах.
– Хӏай-йоӏалассалат, хьай-йоӏалапалат… – дуткъачу озаца ламаз дихкира Болатхана. – Аллахӏу-акбар…
– Аллахӏу-акбар!.. – имамна тӏаьххье суждана вахара ткъех стаг.
Дехха масех ламаз диначул тӏаьхьа, пӏелгашца а, пӏелгийн голашца а дагардеш, къулханаш дешна, доӏина куьйгаш лецира Болатхана.
– Субхьана раббика, ва раббил ӏиззати, ӏамма йасипун. Васаламу ӏалал мурсалийн, валхьамду лиллахӏи раббилӏаламин…
Массара доӏанна куьйгаш хьалалецира.
– Йа Аллахӏ, хӏай веза Дела, оха диначу ламазан, дешначу къулханийн, диллинчу салаватан мела хьалха Элчанна, тӏаккха цуьнан асхьабашна бели оха. Элчанан а, асхьабийн а карахула и мела массо эвлайаашна а, устазашна а бели оха…
– Амин!
– Аллахӏу аммин!
– Йа Аллахӏ, хӏай тхан сийлахь Дела, цаьрга кхаьчна