Уьш кхелхачуьра совцо ницкъ бац вайн. Иштта ду, вежарий, тахана вайн махкахь хӏоьттина хьал. Кхидӏа ваьш ден долчух цхьа сацам бан беза вай тховса.
Берса шен метте охьахиира. Цхьа хан йелира цхьа а вист ца хуьлуш. Шена улло а деана, цӏоганах хӏоз бина, букъ саттийна, хур-тӏур деш, настарх хьекхадала доьлла месала кӏайн-къорза цициг кара а эцна, цуьнан букъа тӏехула шен доккха, онда куьг хьоькхуш, и хьеста вуьйлира Солтамурд. Оцу минотехь цуьнан йуьхьа тӏехь ца дисира хьалхалерчу буьрсаллех хӏума. Хеталора, цуьнан къеждала доьллачу дуькъачу мекхашна бухара стаммий балдаш хьовха, дукъ сеттина боккха мара а, дуьхьалдирзина даккхий лергаш а эсала доьлу. Майрачу бӏаьргаш чохь гора къинхетаме йовхо.
Сихдинна суьлхьанаш дохуш, шабарца «Лаилахӏ иллаллахӏ» дора, голаш тӏе шалха а вахана, шена хьалха цӏенкъа ши бӏаьрг боьгӏна сецначу къоьжачу Болатхана. Цхьаъ ала ойла хилла, йовхарш йетташ, ша ӏаччохь меттахъхьера Залма.
– Ас ала мегар дарий? – хаьттира цо эххар, цхьа а вист ца хуьлийла хиъча.
Цициган букъа тӏехула дӏахьо куьг саца а дина, Залмега хьаьжира Солтамурд.
– Алал, Залма.
– Вай сихха гӏаттам болийча, адам Хонкара кхалхар йукъахдиса мегаш хетара суна.
– Хӏан-хӏа, тӏом хьехочохь дац вай, – йуха а хьалагӏеттира Берса. – Цкъа-делахь, Хонкарахь шайна Дала лур ду моьттуш, цига садахана ӏен нах цхьаьна а тоьхна, ӏедална дуьхьалбаха хала хир ду вайна. Шолгӏа-делахь, кху некъехь Нохчийчу керла эскарш далийна ӏедало. Зингатийн туьйлиг санна, салташа сийсайо Нохчийчоь. Кхозлагӏа-делахь, вайн тӏеман баьччанех нийсса ах дӏадаханчу шарахь лецна, хилларг ца хууш, Сибрех бу. Нагахь ши-кхо шо хьалха толаме вайн догдохуьйла хиллехь, иза дӏайаьлла. Польшера тӏом чекхбаьккхина, оьрсийн муьжгийн дуьхьало кагйина, уьш а дӏатебна. Кхечу мехкашца йолу йукъаметтигаш ӏаламат дика йу Россин. Цаьрца кесталгӏа тӏом гуш бац. Цул сов, кхаьънаш, чинаш, совгӏаташ луш, вайха нах шайгахьа а баьхна, вайна йуккъехь шена гӏортораш йина ӏедало. Хьалхалера барт бац тахана вайлахь. Вайн гӏаттам бутт балале чекхбер бу, вай хьаьшна дӏа а дохуш. Тӏаккха, цкъа-делахь, ӏедална кийча бахьана хуьлу вай махках даха, шолгӏа-делахь, и дан атта а хир ду цунна.