– Уьш йалхий дӏо кешнашкахь воллу, – воккхачу стага лаха чуьра гу тӏера, йукъа хӏолламийн хьун хӏоьттина, кешнаш гайтира, пӏелг а хьажийна. – Шемалан заманахь суна улло ваьлла лелаш вийна пхиъ. Тӏаьххьараниг – Бойсагӏар имам ваьллачу шарахь. Гӏаж санна, висина со ву-кх хӏара зовкх хьоьгуш.
Эвла йисте кхаьчча, Берса йухаверзо гӏоьртира воккха стаг. Амма Берса, цо бохург ца деш, гихь мохь болуш йуьрта вуьйлира. Гонаха ледара кертан лол тоьхна, агӏонаш баьгна, гаьннаш тедда, чолакхдинчу стоьмийн диттийн беша йуккъехь лаьттачу лохачу лаппагӏи хьалха сецира и шиъ. Керта девзиг хьоькхуш жима зуда а, воккхачу стага йийцинчу къеначу газанера кхийрачу кеда шура йаккха гӏерташ йоккха стаг а йара уьйтӏахь. Лаьтта хӏуттуш йеха тиша гӏовтал а, чорха тӏе лаьцча санна, йистош йаайелла боккха куй коьртахь, берзинчу когашца, гӏаш йуккъе гӏуркх боьллина, цунна сараг бетташ, кертахула готуьйсуш лелара йалх-ворхӏ шо хенара кӏант. И беркъа духар цунна дех дисина хилар гуш дара. Хӏара шиъ кех чоьхьаволуш гиначу цо, шен «дин» охьа а тесна, ведда тӏевеана, говран урх дӏалецира. Тӏе а йеана, маршалла хаьттира шина зудчо Берсега.
– Цхьана кӏанта бен зуда ца йалийнера сан, – элира воккхачу стага, леррина кӏанте хьоьжу Берса тергалвелла. – Цуьнан ву хӏара кӏант. Сан а, йоккхачу стеган а дуьненан дерриг самукъе хӏарий, кхуьнан наний ду. Хӏан, валол, чоьхьавалал. Мала шурин чай хир ду, цуьнца ӏовша сискалан йуьхк а карор йу.
– Хӏан-хӏа, чувеана ӏийр вац со. Баркалла!
– Ой, дера, вохуьйтур вац, цкъа кхаьллина а, тхан рицкъанах ца кхеташ-м!
– Гӏоза йоийла! – кӏентан карара урх схьаийцира Берсас. – Хӏун дийр ду ткъа, воккха стаг? Белларш ирсе хетачу кхачийна-кх вайн гӏуллакх. Церан къахьо а, хӏара ӏазап а лан дисина-кх вай. Дала собар лойла шуна, Дала аьтто бойла шун! Марша ӏойла!
– Дала дукха вахавойла хьо! Дала ирс ма дойъийла хьан! Марша гӏойла, аьтто хуьлда хьан ахь дагалаьцначу тӏехь!
Говра ца хууш, цуьнан йуьхь лаьцна эвлах ваьллачу Берсина хьалха схьахӏоьттира шера аре. Кӏез-кӏезиг лахлуш, арен тӏе хӏуьттучу хьаннаша хьулйина йеха раьгӏнаш. Йуьхьа тӏе бетталучу мелачу махо дегӏана там бора. Хьаннашкахь декачу олхазарша