эпсарш, салтий шайн паччахьо лелочу оцу къизаллина резацахилар, цара революцехь дакъалацархошкахьа даггара гӏо доккхуш хилар.
Хӏаъ, дерриг адамаш дацара адамаллин дегнаш кийрахь доцуш, къиза. Цара нийсо лоьхура шайн даймахкахь а, кхузахь, нехан хийрачу махкахь а. Церан даймохк бара – адамалла дерриг, церан ӏалашо – маршо а, нийсо а йара. Ма бӏаьрнегӏар ца тухуш тӏеоьцура цара къиза ӏожалла. Ткъа стенан дуьхьа? Шайн даймехкан сийн, шайн халкъан маршонан дуьхьа. Масане вара царна йуккъехь, цуьнан дуьхьа шайн ирс, хьал дитина, йа харцонна тӏехь толам баккха, йа луьра ӏожалла тӏеэца кечвелла, герз карахь араваьлла.
Цунна цкъа а ца дицло йехачу набарх ша самаваьккхина цхьа де. Иза дара венгрийн революцехь дакъалаьцначу полякашна гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа шайн даймахка йухаберза къайллаха гӏо дина гучубевлла оьрсийн эпсарш лоьцу де.
Царах цхьаъ – Алексей Гусев, герггара доттагӏ вацахь а, Берсина вевзаш, безам болуш, оьзда, догдика стаг вара.
Гусев лаца хьовсийначу эпсаршна йукъа нисвелира Берса. Кхерам гергахь хилар тосадалаза волу Гусев шен накъосташца цхьаьна парггӏат кехатех ловзуш ӏаш, тӏехӏиттира хӏорш цунна.
– Господин капитан, командующийн приказца лаьцна ву хьо. Хьайгара герз схьало, – элира цуьнга тӏеваханчу полковнико.
Капитан цуьрриг ца вуьйхира йа кхера а ца велира. Схьахетарехь, цунна хууш хиллера и де цкъа шена тӏехӏуттург хилар.
– Со мича бехкана лоцу, хаа мегий? – хаьттира цо, шен карара кехаташ ваьшта а тоьхна, стоьла тӏе бертал охьа а дохкуш.
– Цуьнан Воккхалина Императорний, даймахканий йамартло йарна.
Гусев, хьала а гӏеттина, ши седа санна, богу ӏаьржа бӏаьргаш полковникна тӏе а боьгӏна, курра вистхилира:
– Со реза вац оьрсийн паччахьан правительствон къизачу политикина. Амма со даймахкана йамарт ву бохург данне а дац иза. Со кийча ву сайн даймехкан дуьхьа муьлххачу а минотехь са дӏадала.
– Господин капитан, со хьоьца политика йийцаре йан ца веана, командованин приказ кхочушдан веана.
Баттара даьккхина шен тур, гоьл тӏехь саттийна каг а дина, полковнике дӏакховдийра Гусевс.
– Капитан Барзоев, лаьцнарг гӏопе дӏавига! Цигахь цунна гонаха чӏогӏа ха а хӏоттаде!