Вревскийс иза Россе дӏавигийтина хилар. Тӏаккха ойланаш кӏезиг йира Аьрзус. Хийла йоьхна буьйса йадийра цо инарла йа цуьнан герггарчу доттагӏех цхьаъ йийсаре лаца гӏерташ, ӏелий, Чорий, Васаллий йуххе а ваьккхина. Эххар а цуьнан аьтто белира Вревскийн уггар гергара доттагӏ, цхьа полковник, йийсаре вало. Иза а валош шаьш Гати-Юьрта дирзинчу буса цу полковникан куьйга бароне доцца кехат йаздира цо:
«Инарла Вревский! 14-чу ноябрехь Эвтарара вогӏу сан доттагӏ, дуй биъна ваша, хьан отрядна тӏенисвелча, луьра чов йина вожа а вина, йийсаре а лаьцна, хьайн махка дӏахьажийна ахь. Цунна дуьхьал ас йийсаре лаьцна валийначу хьан хьомечу доттагӏчо йаздо хӏара кехат. Хьайн паччахьан хьал хьовха, кху дерриг дуьненарчу паччахьийн хьал, хӏара лекха лаьмнаш, цӏен деши дина, ахь суна дитарх, доттагӏ дӏахир вац хьуна, ахь сайниг схьаваллалц. Цуьнан цӏе Маккхал йу. Аьрру куьйган пӏелгаш дац цуьнан, йийсаре лоцучу дийнахь дагна лаккха некхах чов хилла а, боху, цунна. Нагахь, ши бутт балале, ахь сан доттагӏ схьа ца лахь, хӏара хьайниг дуьнен чохь хир вац.
Хӏара кехат хьайна деанчу стагехула суна жоп даийта. Йийсархой хуьйцур бу вайша ахь сан доттагӏ ваьххьинчохь, Мичка йистехь.
Гати-Юьртарчу Абубакаран Аьрзу».
Цунна кӏел полковнико шен масех могӏа а йазбира:
«Хьомсара доттагӏ Ипполит Александрович! Со йийсаре валийнарг кху Ичкерехь лоруш тӏемало, кхаабӏенан командир ву. Ша акхаройн хӏух велахь а, рыцарски амалш йолуш стаг ву хӏара. Сан дика дола а до хӏокхо, оьшуш хӏума а дац, вайша цхьаьна вацар бен. Ша эрна хабарш дуьйцур доций хӏокхо хаийтина вайна. Сан са хьан буйнахь ду. Кхидӏа дийцар совнаха хета.
Коша верззалц хьан Саша».
Аьрзус йиллинчу меттехь ши бутт балале полковникца хийцина Маккхал йуха Гати-Юьрта вирзира.
Оьрсийн махкахь йаьккхинчу хено а, Гуьржехула дӏа Турце вахана леларо а цунна хьалха схьадиллира нохчашна къайле хилла лаьттина дуккха а гӏуллакхаш. Цунна шен бӏаьрга гира оьрсийн ахархошкара къоьлла, лолла, цхьана кӏеззигчу наха царна тӏехь латто къизалла, сийсазалла, муьжгаша шайн маршонехьа латто гӏийла къийсам. Хиира, оьрсийн халкъана нохчашца тӏом ца оьшийла а, аьтто нисбелла