Шемале. – Амма ахь ладогӏанц соьга. Айхьа-хьайна ор доккхуш хила тарло хьо. Тӏаьхьа делахь а, ладогӏа сан хьехаре. Сацабе тӏом. Иза дан ца лаьа-кх хьуна? Хӏета, сан тӏаьххьарчу дешнашка ладогӏал. Делан а, пайхамаран а неӏалтах ма волуьйла хьо, нагахь ахь йа хьан мурдаша оьрсашна муьтӏахь хилла севцинчу бусалба нахана зулам дахь! Делан неӏалт хуьлда хьуна, тӏарикъат дагца къобалдина а доцуш, дуьне лоьхуш, ӏедал дезаш хьох имам хиллехь! Делан неӏалт хуьлда, тӏарикъатан некъ къобал ца беш, дог цӏена доцуш, дуьненан бахаман, дуьненан ӏедалан дуьхьа зуламан некъ лаьцна, ахь аьлларг деш хьуна тӏаьхьахӏиттинчу мурдашна а…
Калугехь Шемалан гӏуллакхаш вон дац бохуш хезна Маккхална. Шемална а, цуьнан доьзална а шарахь пхийтта эзар сом ахча ло, боху, паччахьо. Имамна дешица кхелина тур а делла, тов. Эло Барятинскийс, Шемал шен ваша ву аьлла, кхайкхийна, боху. Шемалан кӏант Мохьмад-Шепа паччахьан гӏаролехь гӏуллакх деш ву. Имамна а, цуьнан тӏаьхьарчу тӏаьхьенна а дворянийн дарж делла паччахьо.
Шемалца иштта къинхетаме, комаьрша хӏунда ву-те оьрсийн паччахь? Цул хьалха ламанхойн дуьххьара хилла имам шайх Мансур, оьрсийн махка а вигна, набахтехь вийна. Таймин Бийболат йамартлонца вейтина. Шемалал тӏаьхьа Нохчийчохь гӏаттаман коьртехь хилла Бойсагӏар ирхъоьллина. Ткъа и Шемал, кара а эцна, куьйгаш тӏехь вазвина лелаво. Хӏунда? Гунибехь халкъана тӏе уггар хала киртиг хӏоьттича, ша нохчашна биъна дуй а къарбеш, мостагӏчунна тӏе хӏунда вахана Шемал?
Мухха делахь а, тахана карладуьйлура Маккхална ша хаъал хилчахьана хилларш а, лелларш а. Халкъана хиллачу бохамийн бахьанаш лоьхура. Йуха а хьовззий тӏевоьдура ша йийсарехь йаьккхинчу ханна. Хӏара нохчий цкъа а оьрсашца машар хир боцу мостагӏий хетара Россехь. Цигахь адамийн дегнаш чу ламанхошка цабезаман дӏовш дуттура диллина дӏа. Дависарг, халкъашна тӏехь ӏазап латтораш цхьана дийнахь хӏаллакбан ницкъ белара! Тӏаккха маьршша садоӏур дара халкъаша. Машаре дехар дара. Тӏом боцуш, цӏий ца ӏенош. Амма хьан хоьтту оьрсийн а, ламанан а халкъашка царна хӏун лаьа?
Хӏаъа ткъа, ламанхошна ца лиира паччахьан ӏедална кӏелдаха. Мелла а йахь йолчу