Къоман а, пачхьалкхан а хьашташ нохчашна, адыгашна, кхеч-кхечарна сагӏина а декъна, импери йохо йиш йац. Къаьст-къаьстинчу адамийн дуьхьа – уггар а. И адамаш мел гениальни делахь а, уьш доцуш цаторуш делахь а.
Акхтарган дуькъачу гӏашна йуккъехула схьаӏийдалуш, диллинчу корах чу хьаьвсира дӏабуза гӏертачу маьлхан йуткъий зӏаьнарш. Гӏала а самайелира. Кундуховн некъахой а бара, шайн гӏоргӏачу маттахь вовшашца, тӏаккха салташца къамел деш, забарш йеш, йукъ-йукъа чӏогӏа боьлуш. Цхьана йукъана цаьрга ладоьгӏна, дӏатийра ши инарла.
– Хӏета, хьомсара Муса Алхазович, – вистхилира Лорис-Меликов, гӏантан гӏовлех букъ товжийна, куьйгаш стоьла тӏе а дохкуш, – историн кӏорге экскурси йина а вели вайша. Суна хетарехь, цунах лаьцна дискусси йан веана хир вац хьо?
– Бакъду и, Михаил Тарелович. Айса деанарг доккхачу маьӏне гӏуллакх хета суна.
– Схьадийцал. Хӏинца-м хан а йаьлла дикка.
Кундуховс, стенна тӏера долор ца хууш, жимма ойла йира.
– Хӏинцца чекхбаьллачу къовсамехь вайша цхьана барта тӏе веара, моьтту суна, хьан локхалла.
– Масала?
– Нохчий эшийна вай, амма къарбина бац. Нагахь къарбинехь а, машар хилла ца севцца. Цӏе йайна, амма овкъарш кӏел йогуш алу йисина. Кӏеззиг мох ма-беллинехь, йуха а лата кийча йу иза. Наггахь цхьаццанхьа суйнаш а лелха. И алу йайъа долахь, тӏаьхьало белхаме хирий-техьа?
– Цуьнан шеко йац.
– Нохчийчуьра хьал цхьа а къастам боцуш лаьтта. Цунах цхьа агӏо йаккха ӏалашо йолуш, ломан когашца йолу нохчийн йарташ цхьайерш Соьлжан аьрру агӏон тӏе, вуьш Жимачу Гӏебарта а кхалхийна, мукъабаьллачу махка тӏе гӏалгӏазкхий ховшо план йу-кх хьан?
– Хьо нийса кхетта.
– И нохчий дуьхьало ца йеш махкара дӏабевр бу, моьтту хьуна?
– Бертахь ца бовлахь, ницкъаца бохур бу.
– Тӏаккха шовзткъалгӏачу шерашка йухадоьрзу вай.
– Шовзткъалгӏа шераш йухадогӏур дац. Ас ма аьлла хьоьга, хьалхалера Нохчийчоь дӏайаьлла.
– Нохчашкахь ницкъ ларбелла тоъал. Цара дуьхьало йийр йу.
– Йеха йийр йац. Таханлерниг кхин зама йу, кхин хьелаш а ду. Хьуна дицделла, Муса Алхазович, Соьлжан, Теркан аьтту агӏонна тӏехь хӏинца гӏалгӏазкхийн станицаш а, Нохчийчохь маситта тӏеман чӏагӏо а хилар.