цуьнца къуьйсуш ӏийначу ӏелина, хӏинца дӏахьажавелча, вешин бӏаьргаш чохь оьгӏазе цӏе гира. Тевжинчуьра кӏегар а хиъна, ши куьг лаьттах а гӏортийна, тӏекхета воллуш санна, схьа а кхевдина ӏара иза. Аьрзу цкъа а ца вахана цунна оьгӏаз. Иза оцу хьола тӏе ваккха боккха бехк бала безара. Тӏевахана, ваша мара а къевлина, шен корта цуьнан кара биллира ӏелас.
– Аьрзу, сан цхьаъ бен воцу ваша… Хьо-м сан ваша хилла ца ӏай… Ден а, ненан а, йижарийн а метта вай хьо-м. Со а витина, ваха воллу хьо?.. Хьох къаьстина цхьана дийнахь а сатохалур дац-кх соьга. Буьйсанна наб ца кхеташ, дийнахь саца меттиг боцуш, синтем байна хьийзар ву-кх со. Эххар а, оцу цабевзачу махка со хьуна тӏаьхьагӏоьртур ву-кх со. Хьуна цигахь цхьаъ хилахь, ас са муха тоха деза, Аьрзу? Тӏаккха-х со хьеравер ву… Дуьнен чу ваьлчхьана, цкъа а хьан дош ца кагдинера-кх ас, ма теттахьа со оцу тӏе, Аьрзу…
– ӏела! Вайшиннан марзонах пайдаэца хӏунда гӏерта хьо? Дика дац! Хьо доьзалца цӏахь виса веза. Цӏахь боьрша стаг оьшу!
– Вайша цӏа валлац Айза шен да волчохь ӏийр йу… Аьрзу, воуьйтур вуй ахь со? Пурба лохьа суна…
Аьрзун дог кӏаддира вешин безамо. Иза леррина хьаьжира дехар деш лахара хьала шега хьоьжучу ӏелин чу хиш хӏиттинчу гӏайгӏанечу бӏаьргашка. Дукха хан йара цаьрга иштта леррина иза хьажаза. Хӏаъ, бераллехь дуьйна ца хьаьжнера. Дуьххьалдӏа, хьажа хан ца хиллера. Хӏетахь дуьйна оццул дукха хан йаьллашехь, царна чохь Аьрзуна гург маж-мекх сирдала доьлла доьзалан да ӏела вацара, ткъа жима кӏант ӏела вара, церан доьзал хӏаллакьхиллачул тӏаьхьа, мацалла, шело, гӏело ловш, дерригенна а садетташ, ӏай а, аьхка а виллина хьаннашкахула, лаьмнашкахула шена тӏаьхьахӏоьттина лелла, тӏаккха, герз кара а эцна, шена улло ваьлла, йалхитта шарахь тӏом бина ӏела.
Оцу бӏаьргаш чохь Аьрзуна гора шен дагна хьомениг, цкъа а шена йуха хин доцург дерриг а – гена дӏайахана синтемаза бералла а, ден ӏуналла а, ненан хьастаме куьг а, йижарийн безам а, вешин тешам а…
Мацах цкъа беран хенахь, горга бо хилла висина шаьшшиъ дуьненан баланийн йозалло таӏийча, ша иза ма-хьасттара, ӏела тӏе а озийна, цуьнан корта шен даг тӏе а таӏийна, жимачу берана санна, цуьнан коьртах куьг хьекха хӏоьттира Аьрзу…