маршой, нийсой?
– Хаац, Васал, карорга догдоху-кх. Цӏийнан неӏ-кор а, хӏара ков а къовлур ахь, Васал. Сох хӏун хуьлу хаъалц, хӏокху цхьана шарахь дола делахь кху ков-кертан. Тӏаккха хьайна луъург дан пурба ду хьуна. Хӏан, схьало хьайн куьг.
– Хӏан-хӏа, дукъа валлалц дӏавогӏу со…
Зударшна тӏе а вахана, цхьана маьӏӏера дуьйна мара а лелхаш, церан ӏодика йан вуьйлира Мӏаьчиг.
– Делха ма делхалаш. Жимма делалой, декхалой дӏахьовсадел аш тхо. Маьрша ӏойла! Шу ца дезаш, хӏара мохк ца безаш ма ца доьлху тхо. Цигахь цхьа рицкъанаш йазделла хир ду-кх. Маьрша гойла вайна!
– Дала некъ тобойла шун!
– Вайн везачу Дала Шен эвлайаийн орца лойла шуна!
– Тхо диц ма делаш!
– Зазу, марша гӏойла хьо!
– Маьрша ӏойла шу а!
Урамо голатухучхула схьа гучуйелира дошлойн колл. Бӏаьштиг тӏе таӏош тиллина ӏаьржачу холхазан лекха куй а, стоммачу дегӏана тӏеоьзна дуьйхина дато бустамашца ӏаьржачу исхарин чоа а долуш, сирачу динахь массарна а хьалха вогӏура молла Шахьби. Шен шуьйра, йеха кӏайн маж некха тӏехь шалха а кагйина, ши бӏаьрг говран шина лерга йуккъе а боьгӏна, зуькаран мукъамца меллаша корта техкабора цо.
Цунна тӏаьхьа кхо гӏулч йукъ йуьтуш богӏура Аьрзуй, Маккхаллий, Чорий, ӏелий. Царна тӏаьхьа беха могӏа бара кхелхарш новкъа баха богӏучу нехан.
Дошлойн кол тӏехйаьлча, гучуйелира кхелхачийн къепал. Массарна хьалха йогӏура йаккхий маӏаш йолуш боккха тайша ши сту а боьжна, тӏехула гӏажарийн куз тухуш тхов бина Шахьбин ворда. Ворданна хьалха хиъна йара тийла дилхано дегӏ кепах дохийна, кхалкъе чӏениг некха тӏе а йеана Шахьбин зуда – стомма Бежу. Говрахь улло ваьлла, стерчий лоьхкуш вогӏура церан цхьаъ бен воцу кӏант Хьабиб.
Миска кечйинчу ворданна улло ваьлла, пхонан сара а карахь, шен чолакх гӏогӏ текхош, дохк санна, кхоьлина вогӏура Гати. Боьлхуш тӏаьхьагӏоьртинчу шен кегийчу йижарийн а, вежарийн а марара халла схьайаьлла Эсет, билхина бистина ши бӏаьрг цӏийбелла, белшаш тӏехула месаш йаьржина, сауьйзуш, хӏинцца тӏаьхьакхиира майрачунна.
Ткъа мелачу махо охьа чуьра схьа хаддаза тӏаьхьакхоьхьура зударийн тийжар.
Ковран тӏаьхье йерзош, лергаш къардеш дечиган сема а цӏийзош, меллаша тӏаьхьатекхара Мӏаьчиган