– Досудани, Яьшка!
– Хорош человек, Андри! Большой испасиба.
– Досудани, Андри!
Тӏевеанчу Васала а,
Мӏаьчига а маршаллаш хаьттира.
– Ма дика ду шу даьхкина, – элира Васала.
– Мӏаьчиг, хьо стенна кхоьлина? Боьрша вац хьо? – забар йира Андрейс.
– Валлахӏ, ва биллахӏ… боьрша-м… Боьрша хилча, даймохк битина гӏур варий со, мича воьду а ца хууш! – куьг ластийна, дӏатийра Мӏаьчиг.
– Ткъа ахь хӏун до, Василий? Хьо-м вац воьдуш?
– Хӏан-хӏа, Андрей Никитич. Кхузара бухвер вац со, кешнашка дӏавиггалц. Цхьа даймохк байна сан, шолгӏачух къаста лаац суна. Хӏорш новкъа баха веана-кх… Гора, Никитич, йаӏ, ма боккха бохам бу-кх хӏара…, – Васалан бӏаьргех хиш хьаьлхира.
– Яков, гӏудалкх йухайерзайе. Тӏаьхьадоьлху вай.
– Охӏ! Мовла а ву! – мохь белира Корнейн. – Хьо а стенга доьду, Чолакх Шайтӏа?
Даьсса пхьош доьхкарх а доьллина, царна тӏевогӏура Мовла. Доттагӏ гича, йуьхь йекхайелира цуьнан.
– Хонкара воьду, обарг, Хонкара! – шен гӏоргӏачу озаца жоп делира цо, цхьаъ бен доцчу куьйга Корней мара а къовлуш.
– Цӏахь ца ӏело хьо?
– Нах боьлху, со а воьду. Дуьненна дерг ловзар ду олуш, кица ду тхан.
– Адамна ма хуьлда хӏара ловзар! Кхин мила ву шун эвлара?
– Со цхьаъ бен вац.
– Суна-м хаьара, шун эвлахь хьо цхьаъ бен ӏовдал воцийла!
Шен андий цергаш гучу а йаьхна, гӏовгӏа йоцуш воьлура Мовла.
– ӏовдал ша волчу дӏавоьхур вац туркойн паччахьо!
– Цо дӏавехна хьо? – забарх ца кхийтира Корней. – Хӏаъ, султанна мел хили а сов бевр бац хьо тайпа разбойникаш!
– Соьга сайгга кехат даийтина цо. Дӏавола, Мовла, боху, ша сагӏадоьхургийн паччахь вийр ву хьох.
– Делхьа, ма воккха забарча ву-кх хьо, Чолакх Шайтӏа! Баккъал а, со тешийна ваьллера-кх хьо!
– Хӏаъ, Корни, Оьрза-Гӏалахь – хьо цхьа ӏовдал, Мескитахь со цхьа ӏовдал ву. Халахета, хьо накъост а воцуш со воьдуш хилар.
– Баккъал а воьду хьо?
– Воьду-кхи ткъа.
Корнейс резавоцуш корта хьовзийра.
– Делхьа, ма халахета суна хьо дӏавоьдуш. Дан дагалаьцна дуккха а гӏуллакхаш дара сан. Мел дукха хьолахой бу станицашкахь. Церан хьал дара декъа дезаш.
– Дӏадели и, обарг, – забарш йитина, баккъал вистхилира Мовла. – Валлалц талораш деш вахалур вац. Цкъа цхьамма дӏакъовкъор ву. Йа Сибрех лоллур ву. Къоланна тӏехь