Федорович Дубровин, Арнольд Львович Зиссерман, Ростислав Андреевич Фадеев, художник эла Гагарин, полковник Вейденбаум, Шемална а, ламанан халкъашна а дуьхьал идеологически диверси вовшахтоьхна ӏилманча-нумизматик, инарла-лейтенант Бартоломей.
Йукъ-йукъа хийшина ӏара шуьйрий, йехий кучамаш йуьйхина, безачу механ жовхӏарш, цхьацца кӏал-кӏовсарш кочахь, пхьаьрсех, пӏелгех а йохку куралла дӏасахьовса а ца беша хантоьхна зударий а, мехкарий а.
Хьурмате миноташ тӏехӏиттира.
Суьйренаш дуьххьара вовшахтохаран инициатор а, церан виллина председатель а волчу гӏараваьллачу йаздархочо графо Владимир Александрович Соллогуба, ша ӏачуьра везза хьала а гӏеттина, цӏий санна, цӏен чагӏар чохь лепа хрусталан бокал хьала а лаьцна, йайн йовхарш туьйхира.
– Хьоме государаш, хьомсара государынаш! Нийсса ши шо хьалха вайн гуламан сий хилира паччахьаллин наместник кху цӏа чуьра хастамечу хьуьнаршка дӏахьажо. Оцу суьйранна вай массо а тешна вара баьччина хастам а, Кавказна машар а хирг хиларх. Вай лоьруш волчу Дмитрий Алексеевич Милютина оцу суьйранна паччахьаллин наместнике аьлла некъан дешнаш хӏинца а дека вайн лерехь: «Хьалха оьрсийн цӏий ӏенначу оцу лаьмнийн чӏажашкахь, – элира Дмитрий Алексеевича, – хӏинца нийса урхалла хӏоттийна, цигара акхарой, шайн герзаш охьа а туьйсуш, латта лело, мах лело, шайн меттанашкахь дуьххьара йаздан а, деша а доьлла. Амма Кавказан лаьмнийн малхбузе йистехь хӏинца а ӏена оьрсийн цӏий, хӏинца а къарйала тигац цигарчу къаьмнийн йуьхьанцарчу дахаран акхаралла. Цигахь ӏена цӏий сацор, эзар шеран тӏом чекхбаккхар, гражданственностан хӏу тасар тӏедилла Дала хьо къастийна, Хьан Императорски Локхалла!» Баьччас кхочушбина вайн тешам! Вай тешна дерг хилла! Декхар кхочушхилла! Кавказан тӏом чекхбаьлла! Хьалхалера вайн сатийсамаш дагалецамашка бирзина! Амма мел безачу мехаца! Кавказан тогӏешкий, чӏажашкий йоьдда оьрсийн даьӏахкаш. Маьхза ца тесна вай и ирча хӏу. Хӏинца тӏекхаьчна йалта гулдо хан, вай дукха хенахь дуьйна сатийсина хан. Хӏинца цига воьдург маьршачу махка воьду.
1 Кхузахь - дӏасайаьржина