Ма ӏаьржа, ма къайле,
Мел хала бу хьо, некъ!
Настарийн садаьлла,
Со-м хьалха дӏатекха.
Ас мичахь садаӏа,
Со мича верза-те,
Беха некъ соцучохь
Соьга хӏун хьоьжу-те?
О. Туманян. Мухӏажаран илли
1865-чу шеран август беттан цхьана буса хан йаьллачу хенахь Мурат-хин тогӏица дӏаболчу лекхачу лома хьалаваьлла исс стаг, некъаца бай баьлла меттиг а лехна, сецира. Шаьш биначу лами тӏехь айъина вохьу итталгӏаниг меллаша лаьтта охьа а виллина, вовшашка бист цахуьлуш, даккхий синош дохуш,охьа а хуьйшуш, дӏахерцара уьш.
Кхоъ охьа а ца лахвелира.
Царах цхьаъ, лекхачу дегӏара, шуьйра белшаш,йукъ-йукъа кӏайн чоьш дийлина ӏаьржа маж-мекх, йеха йекъана йуьхь, шуьйра лекха хьаж, боккха ала мегар долуш мара болу шовзткъа шаре гӏоьрттина стаг, шен накъостий дӏа а хирцина дӏатийча, охьа а ца хууш, вист ца хуьлуш Мурат-хин тогӏе а хьоьжуш, хӏоьттина сецира, шолгӏаниг йуьстаха варша велира.
– Охьа а ховший, садаӏийша, Аьрзу. Хӏинца цкъа катоьхча, дӏакхочур ду вай, – вистхилира накъостех цхьаъ.
Амма Аьрзус жоп ца делира йа охьа а ца хиира. Охьа ца хоура Чора а.
Цкъа а воккхавер, ирс хӏун ду ца хиъна, амма, куьзганна чохь санна, къегина къонахалла а, болатан чӏагӏо а шайна чохь гуш цаьршиннан кхоьлина бӏаьргаш хин тогӏи чу хьуьйсура.
Уьш ца хьуьйсура генайоццуш серлонаш къегаш йаьржина лаьттачу Муш-шахьаре а, йа цунна сехьа ламанан басех летта йохкучу туркойн, эрмалойн йарташка а, маьӏ-маьӏӏехь лаьмнашкахь даьржинчу курдойн четаршна хьалха йогучу цӏерашка а. Ца хьуьйсура, схьа а оьцуш буйнахь дӏасакхийсича санна, сийначу стигалахь даьржина лепачу седарчашка а, йа дехьарчу лома тӏехула хӏетта гучубаьлла, кӏайчу мархаш йуккъехула паргӏат некъ беш боьдучу батте а. Царна ца хезара генайоццуш варшахь мецачу чагӏалкхийн цӏийзаш летар а, дехьо гу тӏехь шина берзан роггӏана дуьхь-дуьхьал дера угӏар а.
Царна кхин, генара аз хезара. Хезара охьа тогӏи чохь бӏаьрго ма-лоццу дӏа йолчу акъари тӏехь цӏераш йолчуьра гӏийла аз. Цу чуьра лаккха хӏаваэ хьалаоьхура оцу мехкан боцчу маттахь иллин аз. Цуьнан маттах ца кхетачунна а хуур дара иза хӏумма а гӏуллакх тоделла, дуьненах самукъадаьлла тесна