Хазахетар тӏехдаьлла, Соипан дог хьере тохало.
– Ас мукх беана хьуна, баахьа… Кхерзина бу.
Хьацаро тӏунбина мукх шен буйнара ненан керайуккъе боьхкира цо.
– Ткъа ахь?
– Ас биъна, нана… цул а дукха…
Нанас буьртигаш ӏуьйшу хезча, цергех хи доладелла Соип аравелира. Жимма ӏийна чувеача, йуха а чохь тийналла карийра цунна.
– Йуьзин хьо, нана? – хаьттира цо.
– Хӏаъ. Иштта йаа хӏума йелахьара, толур йара со. Дависарг, кемсаш йелара, цхьа кан… Уьш дагайаьхкина суна…
…Туьпа йуккъехьо йогучу цӏарна гонаха къаьсттина дукха адам ду. Цунна гонаха хиъна ӏа ткъех сов стаг. Цӏеран серло тӏекхетехь волчу иттех стеган бен йаххьаш къастац. Бисинарш бодаша къайлабаьхна.
Буьйса йовха йоллушехь, цӏарна гонаха гӏерта нах. Цкъа-делахь, къечу стеган самукъе цӏарца ду. Цо йохйо йерриг мискалла, йоькъу гӏайгӏане ойланаш. Цӏар тӏе ши куьг лаьцна, хиъна ӏа хьаьрса Къосам. Цуьнан мацах цкъа безамехь хилла йуьхь эрчайаьккхина ира герз тухуш бесни тӏехь йинчу чевно. Беснин чкъор тӏехебба, цхьаъ бен боцу аьрру бӏаьрг, забарна санна, даим а къаьрзина лаьтта. Иза вистхила воьлча, бехха бегабо агӏо. Ткъа Мовлин чоин пхьош даьсса кхозу. Массеран тидам шена тӏебахийтина цхьаъ дуьйцуш воллу горга йуьхь-марше, велавелла бен стагана дуьхьал ца хьожу ӏаьржачу аматехь молла Маккхал. Шен накъостел ирс долуш ваьлла иза оцу буьрсачу тӏамах. Цуьнан пӏелгаш дӏатедда аьтту куьг, цӏеххьана хьаьжча, конжех тарло. Амма дагах йоккха чов йу Маккхалан а – тӏамо да а, вежарий а баьхьна цуьнан.
Тӏейуьйхина бедарш цхьатера йу массеран а. Эттӏа, тиша гӏовталш, чоэш, чордачу машин хечеш, коьртахь кхакханан йа бӏегӏаган куйнаш, когахь йакъайелла лилхина неӏармачаш. Хӏораннан а голаш йуккъе лаьцна йа улло охьайиллина топ, йукъах шаьлтанаш, доьхкарех йоьхкина тапчанаш.
Йиталац иттанаш шерашкахь церан шайн бертаза чӏагӏйелла амал. Герз церан тешаме накъост ву. Изий бен, цхьа а валац декъазчу церан гӏо дан, уьш харцонах ларбан. Шайн даймахкахь а ца хилла церан, герзах йукъ йаьстина, тӏера сов бедар дӏа а йаьккхина, охьабийша аьтто, ткъа хӏара нехан хийра мохк бу. Кхузахь тешам бац цхьана а куллах.
Хьанна хаьа, хӏун хир?..