«Хӏара вогӏург ву хьуна шун тайпанах стаг», – аьлла хӏусамдас. Цуьнга бӏаьрг тоьхна, резавоцуш тӏехваьлла хьаша. Дехьо ваьлча, дуьхьалкхетта, эмкалан санна, букъ хьаьвзина кхин. «Хӏара а ву хьуна шун тайпанах». Тӏехваьлла хӏара шиъ. Гена валлале кхин цхьаъ дуьхьалкхетта кхушинна – бӏаьрг къаьрзина саккхар. «Иза а ву хьуна шун тайпанах стаг», – аьлла хӏусамдас. «Ванах, тхан тайпанах мел верг сакхте ма ву хӏорш, – цецваьлла хьаша. Тӏаккха соцунгӏа а хилла, ша тӏевоьссина гилнахо сацийна хӏокхо: – Хӏан, хьо цӏа гӏо. Хӏинца суна сайна а бевзар бу тхайниш».
Дуккха а забарш йиначул тӏаьхьа халкъан турпалхой, шайн накъостий, тӏеман хьуьнарш, къонахаллаш а йийца буьйлира нах. Долийра Адин Сурхона тӏера. Дийцира шайх Мансур имам валар, ламанан халкъаш дуьххьара цхьаьна а тоьхна, цо паччахьна дуьхьало йар, паччахьна дуьхьал нохчий гӏиттар. Дийцира Таймин Бийболатан хьуьнарех, майраллех, къонахаллех, цуьнан декъазчу ӏожаллех лаьцна а. Йийцаре йира нохчийн хӏор а наибан тӏеман говзалла, церан гӏалаташ, толамаш, эшамаш. Хӏораммо а йуьйцура оцу бӏешеран тӏамо шайн йарташ тӏехь йина ерчонаш, оьрсийн инарлийн къизаллаш. Эххар а къамел тахана цаьрга хӏоьттинчу хьола тӏе деара.
Цаьрга ладоьгӏуш, тийна ӏийначу Къосама доккха садаьккхира.
– Дерриг эрна хили. Масане кхелхи, масане доьза вай, масане бен боцуш виси. Шен дуьхьа оццул цӏий ӏенийна Нана-Нохчийчоь а вай хьега йиси. Кхуза схьаван сайн сацам хилла де дагадеача, айса – сайна тоьхна валлал бӏарзло со. Кху декъазчу адамийн къих хьалха ма бовлийла хӏара мохк вайна марзбинарш! Схьакхаьчначул тӏаьхьа зуда а, кхоъ бер а делла сан. Дисина шиъ ӏуьллу, кӏезий санна, мацалла угӏуш. Хӏун дан деза царна? Мацалла а, гӏело а вешан махкахь гина вайна, ца гуш хӏума а ца дисина, амма цигахь кӏелхьарвала некъ карабора. Ткъа кхузахь? Мича ваха веза а, хӏун дан деза а хаац. Сагӏа деха даго витац. Доьзал мацалла ца балийта, мел ца лаахь а, лачкъой, нуьцкъала йаккхий дийзи…
– Хӏумма дац, Къосам, хьайн хирг де ахь! – тӏетайра, оцу буса туркойн бекан хьаьттара лачкъийна ах гали мукх а беана, паргӏатваьлла Мовла. – Цхьана-шина баттахь кху гондӏарчу туркоший, эрмалоший дика гӏо дира вайна.