Кхерамо, эшамо
Мухӏажар дӏалоьллу,
Кху къизчу дуьненахь
Цуьнга хӏун далур ду?..
О. Туманян. Мухӏажаран илли
Велла стаг айъина боьлху нах кешнашка санна, тийна, шаьш охьабуьллу ког а, ларбеш, ма-хуьллу тата доцуш билла гӏерташ, туьпа боьлла некъахой, адам самадаларна кхоьруш, атталла вовшашка бист а ца хуьлуш, Данчӏин тоьла йолчухьа хьалабоьлхура.
Туьпахь тийна делахь а, дийшаза адамаш дара дуккха а. Кху тӏаьххьарчу деношкахь наб йайна Тарам вара, меллаша шен тоьлехьа схьагӏертачу адамашка а хьоьжуш, хӏоьттина лаьтташ. Масазза а, шен тоьли чу а вахана, дӏатевжира иза тховса. Амма наб ца кхетара. Бодашкахь хаддаза хьалха лаьттара кху цхьана баттахь хьаьвзина тӏекӏел деллачу шен зудчун а, деа беран а гӏаларташ. Церан можий, озий йаххьаш, дуткъделла марош, ӏаддаргӏанаш санна, ситтина пӏендарш, хеда дохку легаш, букъа тӏе хевшина пханарш, пхьаьрсийн, настарийн чӏораш. Бодашкара схьа цуьнга хьуьйсура чуьра синош дӏадевлла, хӏиттина, севцца, кхоьлина бӏаьргаш. Хезаш санна хеталора цара сихдина йа халла хаалуш тийна доьӏу синош. Диллина дӏа лерехь декара экамчу йоьӏан йишхаьлла аз.
– Дада… сискал… сискал…
Тараман догдаьллера шен тоьланах хьовха, кху дуьненах а. Мацалло дарйинчу барзах тарвеллера иза. Тӏеман тӏаьххьарчу пхийтта шарахь дуккха а адамийн синош даьхнера цо. Тӏеман арахь. Ша вуьйриг, ша вен, шен доьзал хӏаллакбан веана мостагӏ велахь а, дог къуьйлуш, цергаш таӏайой, воьра цо. Шен карах салти масазза лен, Деле дехар дора: «Веза Дела, гечделахь суна. Сан бертаза хуьлуш ду-кх хӏара дерриг». Ткъа хӏинца цо цӏий лоьхура. Хьацаро тӏунбинера цо буйнахь къуьйлучу шаьлтанан маьӏан мукъ.
Тӏебогӏучу нахе хьоьжуш ӏачу цунна уьш герга ма-гӏоьрттинехь вевзира хьалхавогӏу Аьрзу а, цунна тӏаьхьара Чора а.
«Мила ву-те кхарах велларг?» – дагаиккхира цунна, тӏехь стаг волуш айъина бохьу лами гича.
– Ассалам ӏалайкум, диканна хуьлда хьан само! – лохха маршалла хаьттира Аьрзус цунна тӏекхаьчча, болар а лагӏдина.
– Ва ӏалайкум салам, диканца догӏийла шу а, Аьрзу. Мила ву къизачу ӏожалло шух къастийнарг? – чоин пхьош а лаьцна, Чора сацо гӏоьртира Тарам.