чоьхьара гӏуллакхаш ваьштадало вайх пайдаэца ӏалашо йолуш бу. Вайл хьалха кхуза баьхкина эдагий, хӏинца вайгахь долчу хьоле а эгна, кхин кӏелхьарбовла некъ ца карийна, салт бевлла. Царах вовшахтоьхна эскарш ду туркошна дуьхьало йен къаьмнаш хьоьшуш. Вуьшта, Делах а эхь ду, боху, цара оцу малхбузерчу керста къаьмнашна тӏехь бен ницкъаш. Изза вайга а дайта ойла йу кхеран.
– Иза хир дац! – доцца хадийра Аьрзус.
Цхьана ханна тоьли чохь тийналла хӏоьттира, наб йечу Чорас мерах йетта шок йоцург, кхин гӏара-тата йоцуш.
– Вайх хӏун дан ойла йу лакхахь? – хаьттира Аьрзус.
– Диарбекира дӏахьовсо.
– Цига-м гӏойла дац. Цхьа а бӏаьстенга вер вац. Мусий, Сайдуллий гирий хьуна?
– Эрзерумехь гира. Мусех паша вина, дошлойн бӏаьн коьрте а хӏоттош. Сайдуллехь хӏинца цкъа цхьа а гӏуллакх дац, амма дика дӏатарвелла.
Аьрзу, куьйга корта а лоцуш, пхьаьрсан гола лаьттах а гӏортийна, дӏатевжира.
– Кхузара хьал муха ду?
– Кхузара хьал, дера, Аьрзу, хӏумма а дика ма дац. Кхуза кхаьчначу берхӏитта эзар стагах ши эзар дӏаваьлла. Дийнахь-бусий, йуккъерчу хьесапехь, бӏе ле. Де дийне мел дели, совдуьйлу баларш.
– Цамгарш хьалхалернниш йу?
– Хӏаъ. Хьалхалерра мацалла, махкалла, йолу цамгарш, хоршанаш. Амма адам уггар дукха хьоькхург чуьйнан цамгар йу. Кхехка а йеш, йараш йоу наха, цара ши-кхо де далале вожаво.
– Йалтица долчунна муха дохку?
– Селхана оха диначу хьесапца, йерриг туьпахь йалхитта эзар сина дисинарг ткъа гали гергга хьаьжкӏаш йу. Царах жарж а боккхуш, кегийчу берашний, цомгашчарний кочо чорпанаш ло, ткъа бисинчаьрга, шайна гӏайгӏа бе, аьлла ас. Лаьмнашца хьаьрса хьечаш, бӏараш, кхин цхьацца эрна кхиъна стоьмаш карабо. Мехкадайн йалхошна тӏе ца нислуш висинчунна хӏума карайо.
«Цара хӏун дийр ду ткъа? – ойла йора Аьрзус. – Йа сагӏа деха деза, йа талораш дан деза. И ший а дан ца лаахь, мацалла дала деза».
– Вайн эвлара нах мича хьолехь бу?
– Хьо дӏаваханчул тӏаьхьа зуда а, ши бер а делла Мӏаьчиган. Доккхахдолу кӏанттий, йоӏӏий бен ца дисина цуьнан. Ибрахӏим а кхелхина. Церан цӏийнах ца висина цхьа а.
– Дала гечдойла царна!
– Амин.
Аьрзу дӏатийра. Цунна наб озийна моьттуш, охьавижа кечвелира Маккхал а, ӏела а. Амма Аьрзун