хиъча, боккха синтем хир бара тхуна…»
Кхузахь лаьттах йаханчу хӏусамненан а, берийн а цӏераш йаьхча, хорам хилла къурдаш биначу Мӏаьчиган логан бакъабелла шад шозза-кхузза хьала-охьа бахара ваьштта.
«Кхузара хьал шуна хаа лаахь, кху беа баттахь хийцаделла хӏума дац. Дено-дено ницкъ бар бен, ӏедало йеш паргӏато йац тхуна. Лакханехьара масех йурт тӏаьхьа а хӏоьттина, имам ваьллера Хорачуьра Акхмирзин Тоза. Цхьа масех дийнахь бохий уьш, дикка нах лецна дӏабигна. Берриг нах, хьалха санна, цхьа а гӏуллакх кара ца догӏуш ӏаш бу. Цигахь шу дика дӏатарделлийла хиъча, тӏаьхьа а гӏоьртур болуш, шун гӏуллакх галдаьллехь, кхузара меттах ца бовла лийр а болуш. Ткъа сох дерг аьлча, сан ойла йац кху йуьртара дӏавала. Тоьур ду, цкъа къаьстина со махках а, халкъах а. Хӏара сан шолгӏа даймохк, шолгӏа халкъ сайн баккъал а долчарел суна дика хилла.
Хӏара шо йокъане делахь а, хьан кха тӏера хьаьжкӏаш дика хьалакхуьу. Царна хьалхара асар даьккхина ас. Керт-кевнна са ма гатде, гонахара керташ къевлина ас. Денна воьдуш, кертахула хьаьвза. Хьанна хаьа, дохко а ваьлла хьо цӏа верзахь, и дерриг хьуна оьшур ду. Гурале цӏа ца вагӏахь, хьаьжкӏаш доьрчаш чу дӏайерзор йу ас.
Чорин а, ӏелин а доьзалш могаш бу, цомгаш кӏелвиснарг вац. Доьзалшна са ма гатде ала, оха тхешан ницкъкхочу гӏо дийр ду царна. Вайн йуьрта а веана, нахе Хонкара кхалха баьхна Мадий, Нуркиший, шу дӏа а хьовсийна, цӏахь севцца.
Кхин дийца керла хӏума дац. Шайгара хьал-де йазде. Тхоьгара а, кху махкера а салам-маршалла ло вайн бевза-безаршка, йуьртахошка.
Шу гаре сатуьйсуш, шуна воьлхуш вуьсу
Гати-Юьртара Лапин Васал»
Дешна чекхдаьккхина кехат йуха деалха а тоьхна, Мӏаьчиге дӏакховдийра Маккхала.
– Миска Васал, массарел а вайн бала кхаьчна лела-кх. Кхузахь дерг хаахьара-м, иза дог иккхина лийр вара.
Мӏаьчиг вист ца хуьлура. Сихбелла хьала-охьа лела цуьнан логан шад тергалбелира Маккхална.
– Хьо ма гӏелйели, борз, цӏеххьана? – Мӏаьчиган белша тӏе куьг туьйхира цо. – Дера, вешан ирзош тӏехь асарш дохуш, нитташ хьекхош, шийла шовда тӏе а муьйлуш, Нохчамахкахь бакъахьа ма дара вай.
– Валлахӏ, Васала дукха-м бехира: «Цӏахь ӏе, ма гӏо, Мӏаьчиг, нехан хийрачу