ховшо ойла йу дийцар. Суна дӏахаийта лаьа цо барта дуьйцург а, официальни жоп а цхьаьнадогӏуш цахилар. Официальни йаздо цо, нохчий Ванехь буьту шаьш бохуш, ткъа тахана барта дуьйцу, Битлисана малхбалехьа уьш бита йиш йац бохуш. Цундела сан дехар ду, нагахь санна Кавказски хьаькамаш и ламанхой Диарбекирна гергахьо охьаховшорна резахилахь, Ванан пашалыкехь царна ца магош йолчу меттигех къастам бар. Ткъа Диарбекирал дехьа уьш дӏалахкарх аьлча, цкъа-делахь, и хала ду, шолгӏа-делахь, ас хьалха ма-йаздарра, цигахь цаьрга хьоьжуш ӏожалла йу…»