шайн лаамехь хецна дитича, хӏаллакьхир ду. Низам талхо бакъо йац вайх цхьаннен а. Мушехь вайнаха диначунна уггар хьалха бехке бу эзарнчаш. Ас цаьрга жоп доьху.
Кхеташхой тийна ӏара оцу пхеа стаге ладоьгӏна. Ткъа уьш, бист ца хуьлуш, къайллаха вовшашка хьуьйсура. Веаннен а хьажар Тарамна тӏехь соьцура. Ткъа Тарам шек а вацара. Цунна бен ца хетара и сийна стигал тӏекхетча а, хӏара ӏаьржа латта, лелхаш, тӏекӏелдаьлча а. Цкъацкъа велавала догдогӏура, тӏаккха цӏеххьана оьгӏазалла йуссура. Низам а хьехадо. Гӏиллакх, оьздангалла а хьехайо. Уьш хуьлуш ма дац буьзна хьерабевллачу а, мацалла леш бохкучу а нахана йуккъехь. Кхузахь хӏор а шен ма-хуьллу мацалла ца вала гӏерташ воллу, ткъа хӏокху Аьрзус гӏиллаккхий, оьздангаллий йуьйцу.
Уллохь лаьттачу буьнахь гӏовгӏанаш йевлира. Оцу чуьра арадевлла бераш, доьлхуш, гӏийла узарш деш, буьна хьалха севцира. Царалахь воккхахволу кӏант кегийчарна маслаӏат дан гӏертара. Цхьа-ши де дара церан да чӏогӏа волу. Схьахетарехь, иза дӏаваьллера хӏинцца.
Тарам хьалагӏеттира.
– Жоп ас лур ду, – элира цо, гонна йуккъе а волуш. – Наха Мушана шозза тӏелатардарна бехке тхо дерриш ду. И барт оха кхеташонехь бина.
– Иза муха бабелира шуьга?
– Адам мацалла ца далийта.
– Оцу талораша кӏелхьардехин ткъа?
– Аьрзу! – Тараман ши бӏаьрг ткъесах къегира. – И дӏогахь буьна хьалха лаьтта бераш гой хьуна? Да велла, цуьнан докъаца ӏен ца даьхьна, арадевлла, доьлхуш лаьтта уьш. Сагӏа ца дехча, къола ца дича йа, мацаллина охьа а эгна, делла дӏа ца девлча, кхин некъ бац царна кӏелхьардовла. Иштта байш бӏеннаш ду кху туьпахь. Адам мацалла леш ду.
Дийнахь-бусий бӏе ле. Дӏадохка ца кхиош, доьрчий санна, дестий, декъий шина-кхаа дийне довлуш меттигаш а хуьлу. Делан а, нехан а гӏоьнах хаьддачу адамийн дегнаш дарделла. Адамаш мацалла ца дала гӏерта. Уьш шайн дегнаш ӏабо гӏерта. Хӏаъ, уьш Мушана тӏелетта, цара цигахь талораш а дина. Цара талораш до гондӏарчу йарташкахь а, некъашкахь а. Шайна дуьхьалойинарг цара а воь, шайн аьтто баьлча, кхузарчу бахархоша уьш а бойъу. Адам карзахдаьлла, Аьрзу. Уьш низаме дало боккха ницкъ оьшу. Нах тхайн бертаза Мушана тӏебоьлхучу даьлча, вовшех дага а девлла,