Тӏеман хенахь нохчашкара дӏабаьккхина мохк йуха-м муххале а ца берзийра, мелхо а, церан долахь дисина латтанаш дӏа а дохуш, уьш таӏӏийна дерзинчу лаьмнашка, уьшалечу хьаннашка боьхкира. Цаьргара дӏадаьхна керла латтанаш совгӏатана дийкъира хӏара мохк къарбеш правительствона гӏо динчу гондӏарчу элашний, нохчийн эпсаршний, динадайшний, совдегаршний. Маситта шарахь лаьттинчу тӏамо чӏанадаьккхина, ткъа хӏинца латта доцуш дисина халкъ сагӏадоьхурган хьоле дуьйжира. Цуьнан ницкъ бацара йа дезткъа шо хьалха хиллачу бахамаллин, йукъараллин а кепашна тӏе йухадерза а, йа и шен дахар хӏокху керлачу хьелашца нисдан а. Тӏеман оцу буьрсачу дезткъа шаро аьттера къоман кхетамций, кхиарций йогӏу бахамаллин, йукъараллин а кепаш, ткъа массо агӏор а кхиъначу Россина тӏаьхьадисна а дара иза.
Цул сов, правительствона дага а ца догӏура хӏокху халкъан кхолламан ойла йан. Шен оьрсийн халкъ къизачу ӏазапехь латточу цо хӏун диканиг дохьур дара хӏокхунна? Латта дӏадаьккхина ца ӏаш, шен коча тӏеман-колониале уггар къиза кепаш ӏитта йолийча, собар кхачийна халкъ, тӏаьххьара ницкъаш тӏе а гулбина, гӏеттира. 1860-чу шеран май баттахь Нохчмахкахь болабелла гӏаттам сихха массанхьа а нохчийн лаьмнашка баьржира. Гӏаттаман коьртехь бара Шемалан наибаш хилла Бойсагӏар, Атаби, ӏумма а. Ткъайасна баттахь дукхе-дукха дера дуьхьало йира гӏаттамхоша паччахьан таӏзарийн эскаршна. Царна тӏехь масех толам а баьккхира. Амма, Нохчийчу керла-керла эскарш далош, и гӏаттам хьаьшира йуьйцу ца хезначу къизаллица. 1861-чу шеран февралехь Бена уллохь, ламанан хьехахь, схьалецира, чов хилла, масех накъостаций, доьзалций къайлаваьлла Бойсагӏар. Гӏаттам тӏаьххьара а хьаьшна баьлча, шаьш бахьанехь адамашна таӏзар ца дайта, шайн лаамехь инарла-адъютантна Святополк-Мирскийна тӏевеара Атаби а, ӏумма а. Бойсагӏар ирхъоьллира Хаси-Юьртахь, цуьнан доьзал а, герггара гӏоьнчий а Сибрех бахийтира. Гӏаттаман вукху шина куьйгалхочух мелла а къинхетам а бина, и шиъ ссылке вахийтира: Атаби – Псковн губернерчу Порхове, ӏумма – Смоленске.