Деакӏов могӏанашца дӏахӏоьттина пхи полк. Хӏор а бӏеннашка а йекъна, хьалхаваьлла бӏенча а, полкана хьалха пхибӏенча а. Хеталора, и говраш а, царна тӏера дошлой а тӏулгах боьттина…
– Сайдулла-эфенди, хӏара хӏун ду суна гург? – хаьттира цо, урх оьзна, говр а сацийна.
– Хаац, Эмин-паша, – бендоцуш, жоп делира Сайдуллас.
«Хӏаъ, хӏорш, Эрзерумна уллорнаш санна, боьхна ца хьийза, – ойла йора Сайдуллас. – Кхузахь Аьрзун куьг хаало».
– Айхьа хаттал ахь хьайн махкахочуьнга. Нагахь ас гулло аьлла нах белахь, уьш соьга ладогӏа ца гулбелла, тӏамна вовшахкхетта. Дӏаса а баьржина, чухахкабала кийчча. Хӏан-хӏа, Сайдулла-эфенди, со иштта тӏе ца воьду царна.
– Цхьа а тайпа кхерам бац хьуна, Эмин-паша, – Сайдуллина гӏоьнна йукъавелира дуьхьалвеана нохчо. – Тхуна хезнера, хьуна эскарш дукхадеза бохуш. Хьо эскаршца вогӏийла хиъначу оха, хьан хьурматна тхешан ницкъ кхочург вовшахтоьхна.
Туркойн отряд гергагӏоьртича, меллашчу боларахь царна дуьхьалволавелира эскарна хьалха лаьтта ши дошло. Сайдуллина бӏаьрг ма-кхийтти вевзира сирачу динара Аьрзу а, расхачу динара Маккхал а.
Царна тӏекхочуш Эмин-пашин ойлано масазза а ха хаьрцира. Ца хаьара, ша цаьрца муха хила веза. Шена дуьхьалбогӏурш цхьана чинехь нах хилча-м, хуур дара цунна динара восса везахь а, куьг дала дезахь а йа тергал ца беш бита безахь а. И сагӏадоьхургаш лера воьлча, эпсаршна хьалха шен сий лахдаларна а кхоьруш, ткъа куралла ларйан воьлча, оцу ламанхошна вас хиларна а кхоьруш, шина даггахь вогӏура иза. Сирачу динахь вогӏу бере гича, куралла бохург дӏатеттира цо. Расхачу динарниг чӏогӏа безамехь стаг ву. Горга йуьхь-марш, хьаьрса дуькъа мекхаш, йоца маж, партала дегӏ.
Герга мел гӏоьрти, шуьйра йелало цуьнан догдика йуьхь, адам дезаран йовхо го сийначу бӏаьргаш чохь. Ткъа важа, сирачу динахь верг, шен арахьарчу куьцаца нийсса дуьхьал ву цунна. Поп санна, нийса дегӏ, халла хаалуш агӏор саттийна кура корта, оза, йеха йуьхь, хӏетта сирйала йоьлла ӏаьржа маж, мекхаш, дукъ сеттина мара, хебаршка ихна лекха хьаж, дуькъачу цӏоцкъамашна бухара схьахьоьжу майра ши бӏаьрг.