– Оцу берийн дуьхьа совцур дац тхо, зуда. Тхуна ца лаьа, тхешан бераш леш хилла дехийла. Хьайн гӏуллакх доцург а дитий, бераш дӏатийнначуьра, агӏорйалий, жимма садаӏа.
Ӏела, вертанна тӏе бертал а вижина, дӏатийра.
Кхаш тӏера хьалххе цӏабирзира ӏелагӏар. Шина-кхаа дийнахь аха латта дерш буьйсанна тӏехь севцира, амма ӏелина ца лиира оцу цхьана уьрдан дуьхьа дукъахь буьйса йаккха. Божа берстина биъ сту хилча, цхьана дийнахь аххал бен дацара цуьнан ирзо. Амма озалла халла ирахь лелачу шина старца ӏела шина дийнахь а ца велира иза аьхна.
– Цӏа гӏур ду вайша, – элира цо Айзега. – Кхана делкъале довла а мега вай. Аьрзуна сагатлуш, болх карара баьлла сан.
Ваша цӏера ваьлча, даим цунна сагатдо кхо… Ша йуххехь воцуш йуьртара ара кӏезиг волуьйтура иза. Цкъа-делахь, ӏедална ца везара Аьрзу, шолгӏа-делахь, дуккха а нах бара цуьнца гамонаш йолуш. Амма, тахана Шела воьдуш, шеца ӏела ца ваийтира цо. Цуьнца Маккхал вара, ткъа аха деза ирзо а дитина, ӏела вига ца лиира.
Аьрзу цӏахь ца карийра. Цӏахь хила йиш йацара цуьнан. Шелахь ши-кхо де даккха дезаш гӏуллакх хилла, ваханера и Маккхалца.
Цӏа чу а хиъна ӏен дог ца догӏура ӏелин. Самукъадала хӏума дацара мискачу хӏусамехь. Дийнахь къеггина малх хьаьжча а, халла серладолура коре ахкаргаш лецна цӏа. Иштта бегӏийла дара. Ӏаьнан дохалла товхано тийсинчу кӏуьрой, кӏурзаший дуьзна пенаш а, тхов а серлабала башха лууш а вацара иза.