цхьаъ ӏеламча а волу шуьша даржехь лакхавер ву. И сан дош ду шуна…
– Баркалла, паша-эфенди, – дуккха а дийца ойла йолу Эмин-паша йукъахваьккхира Маккхала. – Тхо хир дац шун чалтачаш. Йуханехьа, цӏа даха сацамбина оха. Кхетий хьо, паша-эфенди, – тхешан даймахка дерза. Тхан бу иза. Шуна а, йа оьрсашна а хир боцуш. Аш а, цара а мичча лехкарх, хьаьвззина тхешан даймахка доьрзур ду тхо.
Эмин-паша кӏоршаме велакъежира:
– Ткъа схьа хӏунда даьхкина шу?
– Аш дуьйцучух ӏехаделла.
– Оцу нахана лаьий ткъа йуханехьа кхалха? – дошлошкахьа куьг тесира Эмин-пашас. – Хьанна хаьа, царна ӏен лаьий а? Аш дегазбохий а уьш?
– Хаттахьа, паша-эфенди.
Эмин-пашин горга йуьхь цӏеххьана йекхайелира. Нийсачу мера кӏелхьара ӏаьржа ши мекх айъира делаозийначу стаммийчу балдаша.
– Баккъал, Шамхалбек, хӏунда ца хотту ахь оцу нахе, царна кхузахь ӏен лаьий? – хӏетталц цхьа дош аьлла а вист ца хиллачу къоначу Шамхалбекехьа вирзира паша. – Хаийтахьа царна вай бохург динарг цкъа а дохковер воцийла.
Даг тӏе аьтту куьг дуьллуш, лохха корта таӏорца Эмин-пашина суждане а вахана, чоже кӏажаш тоьхна, кхоссабалийтина йора дин эскарна хьалха кхаьчча, цӏеххьана урх йухаоьзна, тӏехьарчу когаш тӏе а хӏоттош, сацийра цо.
– Нохчий! – мохь туьйхира цо, карзахбаьлла дин а сецош. – Хазахета ца девлла вай вешан даймахках. Аттачу балхах ца даьхкина вай нехан хийрачу махка. Хӏара туркой ненан вежарий бац вайн дезаден, кхара дехна ца далийна кхуза, вайна и моттахь а. Мухха делахь а, нехан хийрачу махкахь ду вай. Кӏелхӏитта тхов бац шун, охьаховша лаьттан коржам йац шун. Карара рицкъа кхачийна шун, кхин тӏе и дан меттиг а бац. Мацалло, уьно хьоькхуш, кхачош лаьтта шу. Вайнехан ӏовдалчу куралло хӏаллакдеш лаьтта шу. Кху гондӏарчу бахархойн ницкъ бац шу кхаба. Цул сов, аш, талораш деш, нах бойъуш, шайца гамбина уьш. Шайга аьлларг, гӏиллакхе даьккхича, шаьш дан догӏург аш ца даро шен хьаькамаллех вохий Нусрет-паша. Тахана шу долчу веана туркойн паччахьо кхузара нах бертахь йа бертаза дӏабаха хьажийна Эрзеруман вели Эмин-паша. Бертахь дӏадовла кхузара, ца довлахь, де а бехк-гуьнахь доцчу зударийн, берийн цӏий ӏенар ду. Шун цӏарах жоп деллачу Аьрзуссий,