воьллина, тӏехь жима барз бийр бу, цхьа шо далале и шарлур бу, ткъа хьо каш доцуш вовр ву. Цул сов, цӏа сатуьйсу. Даймахке.
Наний, йиший тоьлин бертехь карийра цунна. Данчӏин хечин когаш хадийна, уьш дерзош йоллура Хеда. Де довха доллушехь, доккхачу корталех хьаьрчина, цунна йуххехь ӏара Човка.
– Хӏорш ӏалашйина девр дац вай, Болат, – элира Хедас, ша дечунна резавоцуш, цецваьлла, чам байна шега хьоьжу кӏант гина. – Цхьацца тойеш, хьуна ца тойахь, кхин хир ала меттиг бац вайн.
Вист ца хуьлуш Човкина улло охьахиира Болат.
– Бота, – халла хезаш кхайкхира йиша.
Болат йишега хьаьжира.
– Ахь хӏун боху, Човка?
– Оцу дӏочеран стага селхана шайна моз а, бӏараш а деана хьуьнхара, – дехьо лаьттачу цхьана майртуьпхочун тоьли тӏе пӏелг хьажийра цо. – Церан йоӏехь ши бӏар дара. Суна цхьаъ ца делира цо. Ахь вайна деача, ас а лур дац цунна…
Йиша шена тӏе а озийна, цуьнан жима корта шен некха тӏе а таӏийна, коьртах куьг хьаькхира Болата. Тӏаккха, меллаша и дӏа а хилийна, гӏеттина, тоьли чу вахара. Шен йукъах жима шаьлта а йихкина, цуьнан ворхӏ шо дуьзча, дас совгӏатана йелла, чоин массо бустам хӏоъ-молханах буьзна, мацах цкъа Аьрзус шена йелла, ша хьоме ӏалашйен тапча доьхкарх йоьллина, кара жима чӏижалг лаьцна, аравелира иза.
– Ахь хӏун до, Болат? – кӏентан кечваларо, даим санна, даг чу кхерам тесира нанна.
– Жимма хьаннашкахула кхарста со.
– Варийлахь, Болат, нехан рицкъанна тӏе ма кховдалахь. Къоланна тӏехь лаьцнарг хӏокхара шайн кайаьллачохь, къайлавер вуйла хиъча, тухий, воьй, цхьанхьа дӏатаӏаво хьуна. Нехан хьарам хӏума ца оьшу вайна. Нагахь хьуна хӏума хилахь, тӏаьхье йоцуш вов хьан да, пана йуьсу тхойша…
– Нана, со воккха ма хилла хӏинца, – нанна синтембан гӏоьртира Болат. – Ахь цабахарх, суна шадерг хаьа. Ма кхералахь, со гӏоьртар вац хьуна нехан керта. Эцца хьаннашкахь йиса-йоьжна акха стом-хӏума йуйла хьаьжна, вогӏу. Суна са ма гатделахь.
– Варийлахь, хьожуш лелалахь, Болат. Оцу хьаннашкахь черчий хуьлу, боху…
Да велчахьана тахана дуьххьара велакъежира Болат:
– Ча хӏун йу? Вайн лаьмнашкахь оха масане йийна иза! Кхузарчал дераниш!
– Иза вайн махкахь дара, Болат, ткъа хӏара нехан мохк бу. Кхузахь тешам боцуш ду