харданг дешица йузаран дуьхьа (кху шарахь инарла-адъютантна элана Святополк-Мирскийна совгӏатана делла Кутаисски губернехь уггар дикачуьра – Аджаметски хьуьнан дачехь – 2367 десятин латта!). Массо маьӏӏехь – Европехь, Кавказехь, Йуккъерчу Азехь – халкъийн цӏий ӏенош, церан куьйгех гӏоьмаш йетташ шайниш а текхош, лела-кх дерриг лан ӏемина оьрсийн салтий, ткъа царна хьалха – со санна эпсарш… Дийцина хӏун до цунах, сийдоцуш ду тхан ӏедал. Хӏара аьрта кхел кхочушйечу машинан коьртачех цхьа пурже ду со а…»
Ойланаша дӏалаьцна Александр Семенович, ша йаздан долийна кехат йукъахдитина, карара къолам стоьла тӏе а кхоьссина, гӏеттина, коре вахара. Амма ара бӏаьргтохаро хӏумма а са ца дийкъира цуьнан. Мелхо а, гуьйренан кху хьалхарчу баттахь йиллина гӏалина тӏекхозайелла лаьттачу тӏуьначу дахкаро дог кхин тӏе а гӏайгӏане хьарчийра.
Диллина садуура цуьнан нохчийн эмигранташа а. Эмигранташ аьлча-м, кӏеда хетара цунна, нийса аьлча, ӏехийна махках баьхначу оцу декъазчу наха. Александр
Семеновичан ницкъ бацара уьш ца кхалхийта а, йа кхалхар сацо а, йа кхелхинчеран гӏо дан а. Дуьххьалдӏа царах доглазар – и дара-кх цуьнан ницкъ кхочург.
«Кху шарахь кхелхарш-м схьакхаьчна бевллера, хӏинца кхузахь дӏатарбелла бовлахьара уьш», – ойла йора цо.
Амма нохчий дӏатарбаларан гӏуллакхан а чаккхе йац гуш. Иза девне долуш доллий-те, моьтту цунна.
Кхелхачу нохчийн дуьххьарлера партеш схьакхаьчначу хьалхарчу деношкахь дуьйна туркойн ӏедалца йолу йукъаметтиг галйелира цуьнан. Трапезундехь а, Эрзерумехь а болчу оьрсийн консулийн агенташкахула цунна хиира, схьакхаьчна нохчий, шина правительствона йуккъехь хилла барт а бохош, Ванан пашалыкерчу меттигашка дӏатарбан туркойн ӏедалан ойла хилар. Оцу хаамаша цецваьккхинчу Александр Семеновича нохчий дӏанисбаран гӏуллакх имперски комиссар волчу инарле Нусрет-пашега сихонца дӏахьедира, кхеташ делахь а, йа ца кхеташ делахь а, цо шина правительствон барт талхош хилар, тӏаьхьалонах жоп далар цунна тӏедужург хилар. Амма Нусрет-паша цуьрриг шек ца велира.
– Господин комиссар, со ӏовдал ву, моьтту хьуна, сайггара гӏуллакхдан? Сан правительствос