отрядаш вовшахтоха гӏерта инарла Кундуховвий, Сайдуллий, Шамхалбеккий. Хӏинца цкъа-м кхиам бац церан, амма, хьанна хаьа, мацалло бӏарздича, адамо хӏун ца дер?
Империна чоьхьара хьал гӏоьртина хиларо нохчашца дерг ма-хуьллу машаре дерзорна тӏетоьттура туркой. Церан ӏазапна дуьхьал къаьмнийн маршонехьа болам хаддаза дӏа бара Балкански ахгӏайри тӏехь. Цигахь боккха тӏеман ницкъ латто дезара правительствон. Цул сов, дӏадаханчу шарахь дуьйна карзахдевллера, керста къаьмнаш хьовха, царал цуьрриг паргӏатехь доцу бусалба къаьмнаш а. Гӏевттина Багдадний, Алеппоний йуккъера къаьмнаш. Дӏадахана шо чекхдолуш царна дуьхьал хьовсийначу туркойн эскаршна баккхий эшамаш хиллера. Албанехь Махметан куьйгалли кӏел гӏевттинчу арнаутийн тоба тӏаьхь-тӏаьхьа стамлуш йара. Туркойн ӏедалан интригашца чергазошний, болгарашний йуккъехь хаддаза дов лаьттара.
Нохчий дӏатарбар шен планаца чекхдаккха ойла йолу туркойн ӏедал йуьхьанца дукха гӏиртира уьш малхбузехьа дӏа ца бига. Шаьш бохург шайна хир доцийла хиъча, эххар а меттахъхьайра. Амма тӏаьхьа дара. Султанан воккхачу везирера сацамболлуш омра кхаьчначу нохчий дӏатарбаран гӏуллакхан комиссаро Нусрет-пашас шегахьара хьокъалла долу омра дира Эрзеруман велига Исмаьӏал-пашега. Амма Исмаьӏал-паша цуьнан омра кхочушдан гӏиртира, цунах цкъа а гӏуллакх ма хилахьара бохуш. Гӏуллакх хецна дитарна бехкевина Исмаьӏал-паша шен балхах мукъаваьккхира, ткъа иза ваьштадало ницкъ боцчу Нусрет-пашин а дийзира шена тӏерачу декхарх ша мукъавитар деха.
Исмаьӏал-пашин метта Эрзеруман вели хӏоттийначу Эмин Мухлис-пашина тӏедиллира нохчий дӏатарбаран гӏуллакх. Керлачу комиссаро доггах а, шех тӏех тешна а долийра шен декхар кхочушдаран гӏуллакх. Ванан пашалыкерчу Мушана уллера нохчий бертахь йа бертаза малхбузехьа, Диарбекирний, Эрзинджанний дехьа, дӏалахка сацам болуш, шеца кхо эзар дошло а волуш, ши кӏира хьалха цига вахана иза шена цамоьттучу суьртана тӏеӏоттавелира. Цунна моьттура, цигахь шена хьалха мацаллой, цамгарший хьекхна бухадисна, ша аьлларг хӏуъу а дан кийча, гӏорасиз масех эзар адам хӏуттур ду. Иза стенна вогӏу хуучу