къедадора Александр Семеновича ша Тифлисе мел дохьуьйтучу кехат тӏехь. Амма ша бохучу адамаллина тӏе кавказски ӏедал доьрзур ду бохург аьттехьа а ца хетара цунна.
«Адамалла хӏун йу хаьа Россехь? – догдоьхна хьаьвзира иза. – Лайн долахойн, лайн мохк. Маршо дагайеънарг йа тангӏалкхаш тӏе хьалаозаво, йа Сибиран жоьжахате хьажаво, йа ша-шен вуьйчу хьола тӏе воккху. Бӏе шарахь цӏий ӏений пекъарийн – хӏокху нохчийн. Петрана тӏера хьала Александр ӏӏ-чунна тӏекхаччалц йолчу йехачу заманахь. Дийна биснарш махках боху. Шайн дайх цӏанйина малхбузе Кавказ а. Шен цӏела карчий Польша а. Хӏинца тхан цамзанийн цивилизаци йуккъерчу Азин гӏамаршка шерша…»
Оцу сингаттамечу ойланех иза йукъахваьккхира эткаш цӏийзош чоьхьаваьллачу даим цӏена вухавелла, даим шена тӏе кахьоькхуш, маре йаха кечлучу йоӏстагал хала лелачу цуьнан гӏоьнчас поручико Шелковниковс.
– Тифлисера почта йу, Александр Семенович, – элира цо шен хьастамечу озаца. – Коьртачу штабера пакет.
Зеленыйна бӏаьрг ма-кхийтти девзира и казенни конверт. Йеа маьӏӏе а, йуккъе а хьаьхьамчан мухӏарш диттина долу иза, цигара ца хилла, мичара хир дара.
– Вайшинга кехат дац-кх? – хаьттира цо поручике.
– Дац. Кху варварийн махкахь массара а вицвина вайша. Неӏалт хуьлда со кхуза хьажо дагадеанчунна! Тифлисан мехкаршлахь, йалсамане дахана хьоза санна, воллуш ма вара со. Иэшахь – вайниг, эшахь – гуьржийниг, эшахь – эрмалойниг. Моз лехьо накхармоза санна, цхьанхьара вукхузхьа а вуьйлуш, массарех а дургал оьцуш лелара. Хӏинца ӏан веза-кх, гӏан санна, и хан дага а лоьцуш.
– Кхузахь а вац хьо хӏумма а дагахьбаллам буьтуш, – йукъахваьккхира иза Зеленыйс. – Консулан йоӏана гонаха хьийза хьо, чиркхана полла санна. Хьожуш хилалахь, тӏемаш даьгна вуьсурий хьо!
– Хаац, хаац, – там хилира Шелковниковна. – Хӏинццалц схьа-м чиркх хилла лаьттина со, и полларчий сайна гонаха а хьийзаш. Сох хьакхаделла тӏемаш даьгнарш бу, сан нуьро ӏадийна, тӏегӏерта ца баьхьнарш бу. Хаьий хьуна, Александр Семенович, селхана цхьана турчанкица гергарло тасаделла сан. Пашин йоӏаца. Цуьнан ши бӏаьрг хьайна гинехь! Ӏаьржа агат санна. Ткъа цӏоцкъамаш! Хӏан-хӏа, йийцарх хуур дац.