схьакхалхорна. Хӏетте а, ша якобинцийн, декабристийн идейни тӏаьхьенах а лоьру.
«Иза-м аьттехьа а дацара, господин штабс-капитан, – бохура цо ша-шега. – Дуьххьалдӏа ницкъ болчийн, адамаш, халкъаш духкучийн, шайна хеттачу агӏор церан кхоллам хуьйцучийн карарчу зарзакъех цхьаъ йу-кх хьо. Нагахь ахь цхьажимма а дуьхьало йахь, цара, тӏе мӏара а таӏийна, ткъарш-аьлла йор йолуш. Цул даре де, хьайн дагахь дерг кхочушдан гӏорта хьовха, атталла бакъдерг бакъ ду а, харцдерг харц ду а ала ца ваьхьаш, хьо кӏилло хиларан. Стенах кхоьру хьо? Хӏаъай ткъа, карьера йукъахйаларна. Ойла цхьаъ йу хьан, гӏуллакхаш – кхин. Ши йуьхь йолу Янус!»
Волавелла лела капитан, салтичунна хьалха а сецна, цуьнан белша тӏе куьг а диллина, йуьхь-дуьхьал хьаьжира. Сецна лаьттачу йуьхьа тӏера дуькъачу, хьаьрсачу цӏоцкъамашна бухара цуьнга хьуьйсура хьанала жухара бӏаьргаш. Дуьненахь дуккха а вонаш лайначу салтичун йуьхь хебарша ирх, пурх аьхнера, сирйеллера йуькъа бакеш а.
– Ефрем Анисимович, мел хан йу ахь тӏамехь гӏуллакхден?
– Ткъе ворхӏалгӏа шо, – цецвелира Чеботарев.
– Тӏом маса шарахь бина ахь?
– Ткъе кхаа шарахь.
– Оцу ткъе кхаа шарахь Нохчийчохь вара-кх хьо?
– Вара ткъа. Ас хьуна дийца ма дийцина тхаьш цигахь цӏийӏенор.
– Иза-м дийцина-кхи ахь. Амма кхин ца дийцина, – йуха а Чеботаревн цӏеначу бӏаьргаш чу хьаьжира капитан. – Алахьа, Анисимич, Внезапни-гӏопахь хьо вен суд хилаза хӏунда висира?
Цхьана минотана воьхна салти йуха, хӏумма а ца хилча санна, меттавеара.
– Хьан оьздалла, иза къайле ма йац. Дерриг чекхдаьлла. Тхешан батальонерчу кхаа салтичунна нохчийн агӏонгахьа вада ас гӏодар жимма бакъалгахьа дерзаделира…
– Ой, хӏунда?
Чеботарев цкъа вуьйхира, йуха, ша хирг хир аьлча санна, куьг а ластийна, сацамболлуш вистхилира:
– Хаьий хьуна, Александр Семенич, оцу ламанхошца болу тӏом салташна кӏордийна хьех чекхбаьллерий? Тӏом, тӏом, тӏом. Оьрсийн салтийн кхаа тӏаьхьено. Оцу нохчаша-м шайн даймохк, маршой ларйора, ткъа оха? Тхуна стенна оьшура тхаьш санначу оцу мисканийн цӏий ӏенор? Оха кхузахь мел даккхий хьуьнарш гайтарх, ца вуьйш ткъе пхиъ шо а даьлла, Россе вирзича, йуха а помещикан дукъа кӏел ворта