Тахана шаьш Эрзерумера цӏа ма-кхеччинехь, суьйранна кхеташо кхайкхийра Аьрзугӏара. Бакъду, дийцарш, хӏинццалц санна, дах ца делира тховса. Цкъа-делахь, тӏейелха кечйелла, тӏаьхь-тӏаьхьа йазлуш, ӏаржлуш, стигалахь гуллуш догӏанан мархаш йара.
Шолгӏа-делахь, дийца, къийса хӏума дацара. Кӏелхьардовла некъ бацара цхьаъ бен – йуханехьа цӏадерзар боцург.
Цунах лаьцна хьалха цкъа а дийцинера. Тӏаьххьара сацамбира йухадерзар тӏеман низамехь дӏадахьа. Нах пхеа тобане а бекъна, и тобанаш, цхьацца хьовсош, дозанашка дӏахьийсо. Хӏор а тобанца пхиппа бӏе тӏемало хир ву, ах дошлой, ах гӏашлой болуш. Оцу тобанах жоп лур ду пхибӏенчо. Цул сов, хӏор а тоба пхеа декъе йоькъур йу, хӏоранца а цхьацца бӏе тӏемало а волуш. Царах жоп бӏенчо лур ду. Уггар хьалха дӏайахана тоба дозанал дехьайаллалц, йисинарш кхузара меттахйевр йац. Иза дехьайаьлча, йуккъехь цхьана-шина дийнан некъ а буьтуш, кхузара иттех дийнахь дӏайевр йу йисинарш а. Тахана туьпахь долу дерриг хӏума – говраш, стерчий, ворданаш, йалтий – нийсса оцу пхеа тобанна доькъур ду. Сацам тӏеэцначул тӏаьхьа кхузахь доккху цхьа де а эрна хуьлу. Цундела кху кхаа дийнахь хьалхара тоба новкъа йала йеза. Сацам хилира оцу тобанан коьрте шен бӏоца Чора хӏотто.
Догӏанан дуьххьарлерчу тӏадамашца дӏайоьхначу кхеташонера цӏа баьхкина Аьрзугӏар, вертанаш кхоьхкина, буьнахь, тӏеттӏа а таьӏна, хевшина ӏара.
Стигалахь сетташ, кеглуш иккхинчу ткъесо аре серлайаькхинчу цхьана секундана генна стигалан лакхенца гучуболура Сэв-Саран ломан бохь, оцу тӏехь кхоламе лаьттачу храман гӏаларт.
Аьрзун ойланаш, цхьанхьара кхечахьа йуьйлуш, кхерстара. Хеталора, кӏудалара охьаӏенаш санна, тӏедоьлхучу оцу догӏанан хӏор а тӏадам, лелина даш хилла, шен даг тӏе ӏена. Хӏорш виъ-м вертанех хьаьрчина ӏаш ву. Вий а могаш-таза ву. Цомгаш-меца ӏохкуш бераш а дац. Ткъа йисинчу хӏусамашкахь кху сохьта хӏоьттина хьал шера гора Аьрзуна. И дерриг догӏа къиза тӏедоьлху царна чохь долчу адамашна. Зударшна, берашна, къеначарна. Шайна тӏеӏеначу ладаршна кӏелхьара дӏахила хьовха, атталла ха харца а ницкъ боцчу цамгарой, мацаллой кӏелбитинчарна. Ткъа масане хир ву уьш,