цхьаъ хьалха йоьдучу тобанца ваха веза.
– Цхьаъ бохург хӏун ду? Йа ший дӏаваха веза, йа, тӏаьххьара тоба новкъа йаллалц, ший а кхузахь саца веза.
– Хӏан-хӏа, Аьрзу. Къаста дезар ду вайн. Ший а дӏавахча, кхузара адамаш листа стаг хир вац. Ший а кхузахь сецча, хьалха йоьду тоба корта боцуш йуьсу. Ткъа буьсучийн йерриг дегайовхо оцу хьалхарчу тобанах йоллу. Нагахь иза дозанал дехьайалалахь, тӏаьхьайогӏу йиъ а чекхйер йу.
Аьрзу дагахь тӏетайра Маккхала далочу бахьанашна. Нохчийчуьра схьабаьхкинчу нахах цӏейоккхуш берш берриш а – Мусагӏар, Сайдуллагӏар, Шахьбигӏар, Шамхалбекгӏар, кхин, кхин а – уьш, цуьрриг кху нехан бала а боцуш, шайна баха хевшина. Кхузахь бисинарш берриш – шаьш хӏун дан деза а, хӏун дита деза а ца хууш цхьа пекъарш. Ткъа хӏара шиъ дӏаваьлча, гӏуллакх гуттар галдолу церан. Амма цаьршиннах кхузахь муьлха виса веза, хьалхарчу тобанца новкъа муьлха вала веза? Иза Маккхала къастор шена.
– Хьайна бакъахьа хеттарг дехьа, Маккхал.
– Хӏета, хьо хьалхарчу тобанца новкъа вала, со буха соцур ву.
– Мегар ду, ӏела хьоьца а витина, сой, Чорий новкъа вер ву.
– ӏела а вига шаьшшинца. Со-со вуьсур ву кхузахь.
– Хӏета, хьой, ӏелий оцу тобанца дӏа а гӏой, сой, Чорий кхузахь вита.
– Иза дан йиш йац.
– Хӏунда?
– Чора пхибӏенча ву. Сой, ӏелий хӏумма а вац.
Аьрзус аз айъира:
– Тхо кхоъ дӏа а вахана, хьо вуьтийла дац данне а. Цӏетоьхна ваша дӏа а тесна, нанас винарг эцна цӏа веана, бохур ду! Сой, ӏелий соцу, хьой, Чорий дӏагӏо.
– Хӏан-хӏа. Ас ойла йина дерригенан а. Шу кхоь а дӏагӏо. Нагахь бухахь висар кхераме ду хьуна моттахь, и бакъ дац. Кхерам хьалхарчу тобанна бу. Шаьш дийриг цунна дийр ду туркоша а, оьрсаша а. Цундела хьо Чорица а, хьоьца ӏела а хуьлийла лаьа суна. Цул сов, къаьстина дукха а ӏийр ма дац вай. Нагахь дерриг дика дӏагӏахь, иттех дийнахь шуна тӏаьхьа дӏавогӏур ву со а.
– Делахь хӏета, шу кхоъ дӏагӏо, со бухахь соцур ву! – мохь туьйхира Аьрзус.
– Мохь ма хьекхахьа, Аьрзу, – лохха човхийра иза Маккхала. – Нахана йуккъехь хьан сий ду. Ахь аьллачуьнга ла дика дугӏу. Цундела хьо хила ма веза коьртехь.
– Ткъа наха буьллу болу бехк? – йухаверза ца туьгура Аьрзу. – Нагахь хьуна цхьаъ хилахь, йуьртахойн йуьхь-дуьхьал тхо муха