кху бусалба туркойн паччахьах йара. Хӏинца иза а хаьрци. Ванах, гуттаренна а дуьсур ду-те вай оцу оьрсийн паччахьан ӏазапна кӏел?
Цхьаммо а жоп ца делира Чорин хаттарна. Цара муха ло, шайна а хууш ца хилча. Шаьш а цунах догуш хилча. Чорин хаттаро ойлане эгийра уьш.
Цӏеххьана ткъес тоьхна, аре серлайаьлча, Аьрзугӏеран буьнан неӏарехь адаман гӏаларт хӏоьттира.
– ӏела…, – кхайкхира гӏаларт халла хезаш.
Хӏетта набаран тар тесна ӏела, шен белшаш тӏера верта а дожош, букар таьӏна, неӏаре вахара.
– Хьо мила ву?
– Хӏара-м со йара… Эсет…
Догӏа цӏеххьана тийра. Хезара цхьанхьа геннахь лаьмнашкахь къорра стигал къекъаш.
Чуйаьлла Эсет, Чорас шега деллачу вертанах а хьаьрчина, цхьана сонехь дӏатийра. Хи ӏийдалора кучах а, корталех а. Тӏадийна месаш логах, беснех а летара. Иза мел къийлайаларх, ца сацалора дего дегӏ, йеттало цергаш. Амма йуьхь йогура, цӏе летча санна. Деган кӏоргехь эхь гӏуьттура, ша цхьа йоккха йуьхьӏаьржо йича санна. Генара хезаш хетара шега хеттарш дечу Маккхалан аз. Эсет тӏаьхьа кхийтира цо хоьттучух.
– Со… сан… тӏейаха меттиг бац кхин…
Тӏаккха, сауьйзуш йелхаран къурдаш а деш, дийцира шений, Шахьбиний йуккъехь хилларг.
Хезначо ӏадийна виъ стаг вехха лаьттира вист ца хуьлуш, оьгӏазалла сецош.
– Хьан бедарш тӏадийна ткъеззагйевлла, Эсет, – тийналла йохийра Маккхала. – Хи дӏаӏовдахьа. Хӏара сан гӏовтал тӏе а йухий, коч йакъайала хьалаолла. Хӏара Чорин башлакх а йу хьуна коьртах хьарчо. Хьо йаьлча, тхо чукхойкхур ахь.
Догӏанан марханх цӏанйала йоьлла стигал кӏез-кӏезиг серлайуьйлура. Туьпахь, дӏа мел хьаьжначохь, къегара хӏиттина догӏанан ӏаьмнаш, кӏез-кӏезиг лагӏлуш, амма тӏаьхье ца хедаш охьаоьху ӏовраш а.
– Цхьа хӏума дагадеана-кх суна, кӏентий, – долийра Маккхала, кхо накъост буьнна йуьстаха а ваьккхина. – Кхузахь долу адам шен йиш-вешина гӏо дан а ницкъ боцуш ду. Арахьарчу стеган гӏодар хьехочохь а дац. Эсет бен боьхна лела. Хьанна тӏетевжар йу и цхьалха йисина декъаза зуда?
– Хьанна тӏе бохург, хӏун ду? – цецвелира Чора. – Тахана дуьненахь а, кхана къемат-дийнахь а вай виъ ваша ву-кх цунна!
– Цуьнан-м шеко йацара, Чора. Амма вайца хан йаккха хало хирий-те цунна? Цунний,