гулбелира, ткъа тӏаьхьа тӏеоьху партеш Эрзерумски аренашкахь севцира.
Константинополера и омра а кхачале, капитанан Зеленыйн дӏахьедаршца, Нусрет-пашас хьалха Эрзерумски вели хиллачу Исмаьӏал-пашина тӏедиллира, Эрзерумехь севцца нохчий Карпуте дӏахьовсабе аьлла. Нусрет-пашин иза а, тӏаьхьа тӏе дина омранаш а тергал ца диначу Исмаьӏал-пашас нохчийн аьтто бира Эрзинганехь волу Кундухов Муса (вайн эскарийн инарла-майор хилла) шайна тӏекхаччалц цигахь совцо. Ткъа шен аьттонна уьш Анатолехь муьлххачу а цхьана меттиге гулбан ӏалашо йолчу Кундуховс, Карсей, Мушей а вахана, Нусрет-паший, капитан Зеленый Эрзерумехь цахиларх пайда а эцна, Карпуте хьийсо Эрзерумера нохчий, цига а ца бохуьйтуш, Муше хьовсийра. Цул тӏаьхьа, Нусрет а, меттигера ӏедал а мел гӏертарх, Муше бен, кхин цхьаннахьа а ког дӏатосур бац шаьш аьлла, дуьхьалбевлира нохчий. Тӏаккха кхечира лакхахь дийцина Мушера нохчий Диарбекире хьовсабе боху Портан омра…
…Партеш цига дӏахьовсорна тӏехь гӏо-м муххале ца дира меттигерчу ӏедало, мелхо а, оцу гӏуллакхна новкъарло йора. Туркойн администрацин кӏедалла бахьана долуш, хӏумма а дан ницкъ ца тоьъначу Нусрет-пашас дийхира ша комиссаран декхарех мукъавитар. Иза мукъа а воккхуш, цуьнан декхарш дерриш а Эрзерумски керлачу велина Эмин-Мухлис-пашина тӏедехкира. Ша барта хӏуъу дийцахь а, башха хӏара аьлла хӏума ца дира цо а. Йерзинчу стигала кӏел шелонехь бисина нохчий дохкобевлира шаьш даймохк битарна. Оцу хьоле эгначу царах цхьаберш, вайн агӏонгахьа берза ӏалашо йолуш, Александрополе боьдучу новкъа бевлира.
Константинополо меттахъхьадина меттигера туркойн ӏедалш эххар а самадевлира, амма хӏетале Мушан округе 18–20 эзар гулвеллачу нохчочо сацамболлуш дуьхьало йира цигара дӏавала. Тӏехула тӏе, цара къоланаш, талораш дора, нах бойъура, керстанийн йарташ йохайора. Оцу дерригенал сов, Мушана шозза атака йан гӏоьртира, дуьххьалдӏа меттигерчу эскарийн начальник жигара хилар бахьана долуш бисира Мушан бахархошний, нохчашний йуккъехь боккха тӏом ца хуьлуш. Иштта чекхбелира сентябрь. Мушана гонахара ламанхой дӏабаха ойла йу-йац капитано шега хаьттича,