Нагахь санна Турцис, Англис тхаьшна гӏо ца дахь,
нагахь санна дуьхьало йан кхиболу берриг гӏирсаш
а кхачийна, тхаьш кӏелдисахь, тӏаккха, тхешан
цӏенош, сал-пал а йагийна, зударий а, бераш а дайъина,
тхешан лаьмнашка кӏегар а дуьйлуш, тӏаьххьарчу
стагана тӏехӏитталц, леташ лийр ду тхо.
Шайх Мансур (Ушурма)
Ӏелина хиллачу бохаман дакъакхаьчна, гӏелделча санна, кхоьлина, сингаттаме деара шолгӏа де.
Гобаьккхина массо хӏума къайладоккхуш, даьржира, лаьттах хьаладуьйлуш санна, маьӏ-маьӏӏехь боьранашца, хица ийъало дуькъа тӏуьна дохк. Хӏаваэхь ловзуш, пелдуьйлуш, меллаша, тата доцуш лаьтта охьаоьгура аьхкенан духар тӏаьххьара охьатосуш цӏанлучу дитташ тӏера мажделла гӏаш. Лаьтта бухара санна, лаха чуьра, дахкара кӏелхьара, цхьанхьа-м йуьртара схьахезара жӏаьлеш леташ, ӏуьйренна нӏаьнеш кхойкхуш.
Ӏаламо шекдоцуш дӏахьора шен раж. Оцу дахкарна кӏелхьарчу йуьртахь а, дисинчу дерриг дуьненахь а ӏуьйранна дӏадолалуш ду дахар. Кху сохьта цхьаберш шайн хӏусамашкахь ховха набарш йеш ӏохку. Вуьш къинхьегаман денна кечлуш бу. Де долало, цхьаберш – белош, вуьш – белхош, кхозлагӏниш – хьаналчу къинхьегамца шайна йа нахана бецаш, вукхара – уьш бацош, ӏехош, талош, бойъуш…
Дахарехьа латто и буьрса къийсам буьйсанна цхьана йоццачу ханна дӏатоь, ткъа ӏуьйранна кхин а карзахе йухаболало.
Адам дуьнена даьлчахьана, хӏор а де иштта тӏедогӏу, иштта дӏа а доьду. Уьш хийцаделла, муха, маца догӏур, ӏелина хаац. Цунна цхьаъ хаьа – цхьаннан бохам кхечунан ирсан лами хилар.
Ломан басахь, тӏехь лаьттал дукха хиллачу тӏулгех цӏандеш даьккхинчу цхьана жимачу ирзехь, къанделлачу бӏара кӏел сийсара буьйса йоккхуш севцира уьш.
Селхана малх чубузучу хенахь кхетамчуьра ваьллачу Аьрзуна йуххе а хиъна, сахуьлунга даьлла ӏелий, Эсеттий. Стомма чкъор деш йаржийначу хьардаш тӏе виллинчу Аьрзуна кӏел тесна ду цуьнан чоа. Вешин чевнна хьерчош, этӏийна ӏелин коч. Асанаш йаьхна гӏовталх а. Гобаьккхина дӏасакхийсина ӏохку цӏийша йуьзна тӏелхигаш. Цаьршинна гуш, хезаш, хаалуш цхьа а хӏума дац, веккъа цхьа Аьрзу воцург. Ткъа иза ӏуьллу верриг цӏий ихна, халла хаалуш садоьӏуш.