– Эсет, йоха-м… ца йоьхна хьо? – велавала гӏоьртира Аьрзу. – Дукха сиха… чекхдели… вайшиннан ирс… Хӏумма а дац… Цкъа нислург хир хьан ирс а… Даим хьо… йоьлхуш а… хир даций хӏара-м.
Эсетан бӏаьргех мела хиш хьаьлхира.
– Хьуна-м хӏумма а хир даций, Аьрзу… Вайшиннан беран дуьхьа а, Дала вахор вай хьо-м…
Аьрзус шен корта хьалаайъира.
– Хӏун? Ахь баккъал…
Бӏаьрхишна йуккъехула йелакъежна, Аьрзуна тӏе охьа а таьӏна, цуьнан догучу балдашна барт белира Эсета.
– Ши кӏира а тӏехдаьлла… Цуьнан дуьхьа ца ӏийнехь, со-м, селхана оцу туркойн тарраш кӏел а иккхина, лийр йарий…
Аьрзус, ши бӏаьрг хьаббина, доккха садаьккхира:
– Оххӏай… Хӏинца… хала дац-кх… вала…
Схьабаьхкинчу Къосамгӏара, ларвеш охьа а хаийна, доттагӏчуьнга хьажийтира иза.
– Валлахӏ, хьол дика а хилла… кӏант-м ца ваха Далла дуьхьал… Вуьшта, ӏожалла… декъаза хили-кх… вайшиннан… Ткъех шо дара… цо вайшиннах кадетта, иза эшош вайша схьаоьху. Амма хӏинца атта схьалеци, уггар вайшиннан гӏаддайна сахьт а лехна… Тӏеман арахь эзарза шена дуьхьалваьлча гӏорасиз хиллачу цо хӏокху зударийн ӏожалле вилли-кх вайша… Дала гечдойла хьуна… Къаьстина дукха ӏийр вац вайша… новкъа цхьаьна вала а мега…
Шаьш иза хьалхалеррачу дӏанисвича, дукхахдерг воьхна хьийзачу ӏелина а долуш, Аьрзун ойла айъа гӏоьртира Мӏаьчиг.
– Иштта ма ала, Аьрзу. Делан къинхетам боккха бу. Сан дегӏа тӏехь ши пӏелг биллал меттиг йац мо боцуш. Хӏетте а, ца леш, хӏара «дика» хьега висина. Хьо а толур ву. Ахь иштта аьлча, ӏелин а, Эсетан а бӏо ма буху. Церан дегнаш ма дохаде.
– Дуьненахь ӏелин ваша дуьххьара леш вац… И хаа деза цунна, – зуьйш вешега хьаьжира Аьрзу.
– Хьуна хӏума хила йиш йац. Ӏелина жимма аьрхо хета иштта. Цхьа вуьсу ша бохург дагатосу. Хьо-м талур вай.
Халла хаалуш, гӏийла велакъежира Аьрзу.
– Эххӏей, Мӏаьчиг, ма даккхий хӏуманаш дац, моьттехьа, хӏорш… Вай маца кхийрина ӏожаллех? Бакъду, шена везарг вала ца лаьа… Эццахь дуьне даьсса хетало… Амма дан гӏо дац. Вайн дай-наной а белла, вай а лийр ду… Дерриг йиша-ваша цхьана дийнахь ца ле, цхьаъ массарал тӏаьхьавуьсу… Царах уггар декъазниг. Хьой, Къосаммий санна. Церан ӏожаллин къахьо ӏовша… И декъазниг хила воллу хьо, ӏела.