Тӏамехь денна лечу царна деша молланаш, хьерчо марчонаш мичахь лаьтта! Тхан-м къанделла божабераш а лелара дерзина, эхье меттигаш дӏахьулйан йома а йоцуш. Амма керстанан карах воьжнарг бен гӏазот хуьлий-техьа? – цунах шеквара Мӏаьчиг. Цхьаммо а цунна жоп луш ца хезнера. Хӏорш бусалбанаша ма байъина. Дуккха а ойла йиначул тӏаьхьа, Мӏаьчига эххар а сацийра, адамаш дойъурш, уьш муьлххачу къомах белахь а, берриш а Делан мостагӏий бу аьлла. – Хӏун башхо йу царна йуккъехь? Башхо-м йоккха йу! Масала, оьрсийн салти, паччахьо нуьцкъаха валийна, цаваьллачу денна лета нохчех. Хазахета ца лелара иза-м. Ткъа цаьргахьа бевлла, шен къоман, динан вежарийн цӏий ӏенош лелла йамартхой – нохчийн эпсарш? И йамарт жӏаьлеш дайъинарг хир ву гӏазот! Ткъа хӏун хийцам бу керстанийн а, бусалбанийн а эскаршна йуккъехь? Цхьа герз ду-кх цара тхуна деттарг. Шиннахьарчара а ӏенадо тхан цӏий. Къизаллица вовшел тола гӏерта ший а ӏедал. Хӏан-хӏа, кхузахь белларш гӏазот бу. Тӏехула тӏе, шайн махкана генахь а белла хӏорш. Иза дилла догӏу цхьана йоле».
Кхузахь байъинарш ша гӏазот леринехь а, зене хир дац-кх аьлла, Аьрзун коьрте а хилла, шабаршца шена хуу масех айат деша вуьйлира Мӏаьчиг. Ткъа тӏамо верина декъаза Къосам, тӏе моьнаш хӏиттина, сенаш мехаца тӏеттӏаийзийча санна, хеббачу йуьхьа тӏера къаьрзинчу шен цхьаъ бен боцчу бӏаьргара шиннан метта комаьрша хиш а ӏенош, озий белшаш йегош, кийрахь воьлхура.
Бӏарзвелла хьийзачу ӏелас цунна карладаьккхинера иштта, и санна, ша цхьа висина де…
Эсетан тийжар, тӏаьхь-тӏаьхьа йиш хелаш, йелхаре а дирзина, эххар а, аз дайна, сецира. Дуккха а хенахь дуьйна башаза вешин къоьжа корта шен некха тӏе а таӏийна, горгам хилла хебна ӏара ӏела а. Тӏаккха, шен коьртара схьабаьккхина куй гӏевланга а буьллуш, Аьрзун корта, меллаша, ларбеш, оцу тӏе охьа а биллина, цуьнан бӏаьргашка а хьаьжна, беснеш тӏе дайн куьг а хьаькхна, хьалагӏеттира. Вехха лаьттира иза, чу цӏий хӏоьттина, кхохкийна, хьела бахана шен гӏайгӏане ши бӏаьрг вешин йуьхьа тӏе а боьгӏна. Аьрзу дӏакхелхинчу оцу цхьана сахьто, тӏе кӏац йиллича санна, къежбира цуьнан корта.