Пхоьалгӏачу кӏентан, зуда йалозчу Дакашан, шен цӏенош дацара. Гобаьккхина хезара оцу тӏелатаро дай-нанойх, йижарех-вежарех баьхначу зударийн, берийн белхарш, чевнаш хиллачийн узарш, оцу эрчоно ӏадийначу хьайбанийн ӏехарш. Бист ца хуьлуш, ӏосин вежаршкий, берашкий оьгӏазе хьуьйсура йуьртахой.
«Къонахий ду шу? Массо тӏамехь хьалха, уггар кхерамечу меттехь ву шу ворхӏ. Амма хӏунда ца доь аш и шайн йамарт, стешха жӏаьла?» – бохура царах хӏораннан а хьажаро.
– ӏожа, соьга кхин садетталац. Соь лалац хӏара эхь… – элира пхеа вешех жимахчу Дакаша шайн воккхахчу веше. – Хӏунда ву вайн иштта йамарт да?..
Дакаш вилхира. Боьхна лаьтта уьш а битина, эвлах бевлира йуьртахой. Дукха хан йалале, царна гира йуьртахь дисина йалх цӏа догуш. Иза ӏосин вешин Мидин болх бара. Уггар хьалха шен цӏийнах, тӏаккха вешин Мусин, цул тӏаьхьа шен вешин берийн цӏенойх цӏе йиллира цо.
– Бакъ дац хьуна моьттург, ӏоса. Йуьртахой боьлхуш, ткъа хьан вежарийн, берийн доьзалш боьлуш хир дац хӏара. Йуьртахойх девлла, даха меттиг бац тхан, – элира Мидас, йогучу цӏергахула дӏа Яьссица охьа а хьожуш.
Цхьакӏеззигчу бахьано, кӏадбоцург хеталучу хӏумано адамийн кхолламехь йоккха меттиг дӏалоцуш хийцамаш беш меттигаш дукха хилла дуьненахь.
Цхьана легендо дуьйцу, мацах цкъа цхьана буса румой чӏогӏа набарш кхетта бийшина ӏохкуш, галлийн эскарш Капитолин пенаш тӏе хьаладуьйлуш, гӏезаша хьаькхначу маьхьарша румой сама а баьхна, Рим йохочуьра йаьлла бохуш.
1815-чу шеран июлан 18-чу дийнахь Ватерлоохь хиллачу тӏамехь Наполеон эшийнарг а, Веллингтон толийнарг а Наполеонна буйла ца хууш бисина, цунна и меттигаш йовзуьйтуш хиллачу ахархочунна бицбелла шерачу арара боьра а, хьалхарчу буса цӏеххьана дилхина кӏеззиг догӏа а ду бохуш, дуьйцу.
Хийла йуьйцу хезна 1845-чу шарахь лаьмнашка графо Воронцовс йина поход. Исторехь, «Сухарийн экспедици» йа «Даргински поход» аьлла, ши цӏе йахана цуьнан.
Цхьанне а ца хаьа, оцу походехь мацалла дала ламанхойн гонна йуккъехь дисина Воронцовн эскарш дуьззина хӏаллакьхиларх йа нохчийн йийсаре дахарх кӏелхьардаьхнарг Муцӏин ӏоса хилар.
…Нохчийчохь хиллачу гӏаттамо ткъа шарна йухаболийра Кавказски тӏом.