Тӏаккха Дела шуьгахьа хир ву, тӏаккха Дала гечдийр ду аш ӏанийна цӏий.
Кунта-Хьаьжин хьехамаш буххенца дуьхьал бара Шемалан «гӏазотан тӏеман» идеологина. Шемалан зӏенехь болчу динадайша кхечу динахь долчу адамашна дуьхьал тӏаме кхойкхура, ткъа Кунта-Хьаьжас массо динехь, массо къомах долчу адамашна, хьолахошна, къехошна йукъахь машар, ӏедална муьтӏахьалла кхойкхура. Шемалан гонехь болчу динадайша дуьне, хьал лоьхура, ткъа мискачу, къечу доьзалера схьаваьллачу Кунта-Хьаьжас дуьненан хьал-бахам ца лоьхура. Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тӏамо, талийна, чӏанабаьхна, гӏелбина, кӏадбина, хӏаллакьхуьлучу хьоле баьхна, хьалхалерчу йукъараллин дахаран кепашка йухаберзарх гуттаренна а догдиллина нах доггах тӏаьхьахӏуьттура оцу керлачу шайхана. Ткъа адамийн кхетамехь цо бечу кӏорггерчу карчамо доккха тохар дора Шемалан идеологин бухна. Цундела Шемала йуьхьанца дуккха а хьийзийра Кунта-Хьаьжа, тӏаккха, эххар а цо махках ваьккхина, иза 1859-чу шарахь Макка вахара.
Шемал йийсаре ваханчул тӏаьхьа кхо шо даьлча, 1862-чу шарахь, даймахка йухавирзинчу Кунта-Хьаьжас лело гӏуллакхаш шена ца гучуха, тергам боцуш ӏийра областан администраци. Мелхо а, уьш къобалдора.
Нохчашка тӏом ца баре, машаре, паччахьний, ӏедалний муьтӏахьалле кхойкхучу цо, шена лаахь а, ца лаахь а, оцу хьехамашца ӏедална гӏо дора. Цхьа-ши шо хьовзале, Кунта-Хьаьжин мурде цхьабарт болуш йоккха динан тоба кхоллайелира. Амма Кунта-Хьаьжин бартахойн хьежарш а дацара цхьаьнадогӏуш. Масала, устазо холбатан гӏийла дахар дӏакхоьхьуш хиллехь, ткъа цуьнан герггарчу векалшний, гӏоьнчашний ешшане а ца оьшура гӏийла, къен дахар. Кунта-Хьаьжин хьехамех пайда а оьцуш, цара цхьаболчара бацабора кхетамна тӏаьхьабисина вирдан вежарий, Дала азаллехь йаздинчунна, кхолламна къера хилий, совца, бохучу хьехамашца боьй дӏабоккхура маршонехьа къийсаман кхетам.