Шина отрядан ницкъ иштта бара: гӏашлой – 21 батальон, 9 ротий, царна йуккъехь йара 4 саперийн, 3 иччархойн рота. Царал сов, отрядехь дакъалоцуш вара 1000 гуьржийн милиционер; дошлой – 10 сотни гӏалгӏазкхий, 2 гуьржийн сотни. Шина а отрядехь – 38 йоккха топ а, 4 мортир а.
Походан коьрта ницкъаш – кхо отряд а, царал сов, инарлин Фрейтаган резерван отряд а – Нохчийчу берзийна хиларна, имамо Шемала, шен эскарийн тӏум – нохчийн эскарш – хье ца деш, Нохчийчохь дитира. Наиб Тӏелхаг коьртехь а волуш бисина цигара наибаш декхарийлахь бара йоккха Нохчийчоь ларйан. Наибашна Элдарна а, Уллубина а тӏедиллира Нохчмахка ӏалашйар. Дагестанхойх, къаьсттина ӏаьндойх, ца теша Шемал, шеца йалх эзар бӏаьхо а эцна, Воронцовна дуьхьал вахара.
Дагестанехь гӏуллакхаш дика дацара Шемалан. Дуьххьара хиллачу кӏез-мезигчу тасадаларехь вохийна Хьаьжа-Мурд, лаьмнашкахь къайла а ваьлла, тӏепаза вайнера.
Воронцовний, Шемалний йуккъехь ӏаьндойн ломахь дуьххьара хилла тӏом Шемал оьшуш сихха чекхбелира. Ӏаьнда кӏегарвала дийзира имаман. Кхузахь цунна гира ша хьалххе дуьйна кхийринарг: паччахьан эскарш тӏекхачаре сатуьйсуш, царна туьха-бепиг кечдина ӏаш карийра цунна ӏаьндой. Уьш карахь совцо дагахь Шемала, ӏаьндойн наибаш шена тӏе а кхайкхина, цаьрга, йамартло ца йан тӏелоцуьйтуш, дуйнаш баийтира. Амма, тӏом болало хан тӏехӏоьттича, ӏаьндоша, шайн наиб таӏӏийна чу а воьллина, имам йарташка витарна дуьхьало йира. Тӏаккха шаьш а, паччахьан эскарш гергагӏоьртича, герзаш охьа а туьйсуш, цаьргахьа бийла буьйлира. Кхузахь хинболчу тӏамах цхьа а доцург хила доллийла а хиъна, Шемалца болу кӏеззиг нохчий Нохчийчу берза кечбелира.
– Хӏокхарна шайн йарташ ӏалашйан ца лиъча, вайн хӏун гӏуллакх ду хӏорш ларбан гӏерта? – бохура цара. – Паччахьан дукхахдолу эскарш вайн йарташна тӏедогӏуш ду, цигахь летар дай вай!
Дарвеллачу Шемала кхоъ ӏаьндо вийра. Оцу гӏуллакхо кхин тӏе а карзахбаьхначу ӏаьндоша Шемална дуьхьал Воронцовга шайна гӏо дийхира.
Амма Шемала луьра дуьхьало йиначул тӏаьхьий бен ца йитира ӏаьнда. Ницкъ кӏезиг хиларна а, махкарчу бахархоша гӏо ца лаьцна а дарвелла имам, ӏаьндойн йарташ а йагийна, тӏамца Даьргӏа кӏегарвелира.