Оцу доьхначу гӏуллакхашна йуккъехула цхьа кхаъ а кхаьчнера Воронцовна: хӏокху тӏамехь вийнера нохчийн майрачех ши кӏант – эрсанойн Саиб а, веданхойн Элдар а.
– Хӏинца а гена бу бохам! Сан хӏинца а куринцаш, кабардинцаш бу! – аьлла, адъютантана жоп а делла, салташна тӏевахара граф. – Хӏан, вежарий, садаьӏин аш? Деле доӏа де! Суна тӏаьхьа, ура!
Туркойн гома тур баттара а даьккхина, нохчийн чӏагӏонна тӏеволавелира къена инарла. Массарел хьалха майра инарла гина салтий, йуха ца бовла чӏагӏо йина, цунна тӏаьхьахӏиттира.
Коьжалкан-Дукъахь дуккха а дараш хилла отряд, халла Шовхал-Берда улле а кхаьчна, сецира. Гезлойн-гӏопе кхача йисинарг ткъе итт чаккхарма бен йацара, амма йуккъехь ӏуьллура тӏамехь бахчабелла, йерриг а Нохчмахкахь цӏейахана кӏентий шайна чохь болу масех йурт. Кхидӏа гӏерта ницкъ кхачийна, кхузахь сецира отряд. Йерриг а дегайовхо хӏинца Фрейтагна тӏехь йара, амма цуьнгара хезаш хӏума дацара.
Суьйранна графо Воронцовс эскаран дакъошка кхайкхам йазбира:
«Массарна а гуш ду вайн отрядан хьал. Шайн кхиамаша дог-ойла гӏаттийначу, вайл барамехь дукха волчу мостагӏчо го бина вайна: чевнаш хилла цхьа эзар пхи бӏе стаг ву вайн; даа рицкъа дац; хӏоъ-молха данне дац ала мегар ду; кхидӏа хьалхадахар хьехадойла йац. Буьйсанан боданах пайда а оьцуш, вайх цхьакӏеззиг болчийн аьтто нисбала тарлора вайн дозанашка кхача, амма, и дан доьлча, чевнаш хилла накъостий дӏатийса деза вайн, и къа шена тӏелоцур дац цхьаммо а, уггар хьалха ас а. Амма йерриг а догдохийлаш йайна йац вайн. Вайгара хьал дӏахаийта, инарлина Фрейтагна тӏе нах бахийтина ас. Массарна а хаьа иза низам долуш, майра инарла хилар; со тешна ву цо вай кӏелхьардохург хиларх. Амма, нагахь вайна ӏожалла йоьгӏнехь, оьрсийн тӏемалошкахь товш ма-хиллара, вешан синош безачу мехах кхузахь дӏалур ду вай; иштта меттиг тӏейагӏахь, мостагӏчун кара цхьа а хӏума ца дахийта, вешан четарш а, чухула духу духар а чевнаш хиллачарна бинташна этӏор вай; дисинарг дерриг хӏаллакдийр ду».