Йо́гӏучу за́мано
Вай вовшех да́хахь,
Гӏайгӏане ма хила,
Сан хьо́ме́ на́на!
Гӏан – набарха хьу́на
Кӏайн кхокха хилла,
Сайн ба́ла балхо,
Кхо́чур ву хьу́на.
Хьан кийрара ба́ла
Ас бостур бу,
Хьан ӏена бӏаьрхиш
Ас совцур ду.
Вай цхьаьна хирг хиларх
Со тешна ву хьу́на,
Хьо шек ма йа́лалахь,
Сан хьо́ме́ на́на!
Дуьненахь мел ве́ха,
Хьо ирсе йе́хар йу.
Хан-за́ма мел йе́ли,
Тӏа́лам хьан хир бу.