Кхетий хьо, вирбекъа? Сан бакъо йу суд йоцуш шуьшинна ткъе пхиппа шо хан тоха. Йахийта!
Матина йовхарш йаьхкира.
– Буьйса тӏекхаьчча йаьлла. Сан къена да цомгаш ву. Тхойша мича гӏур ву? – ах-оьгӏазе, ах-дехарца хаьттира Мансура. – Тхойшиннан долахь хӏинца а ши де хан йисина…
– Амма суна йуха цкъа гойла-кх шуьшиъ кхузахь. Хӏокху йуьртара аравала ах сахьт хан йу шуьшинна!
Оцу дерриге а къамеле резавоцуш ладоьгӏуш а, къеначу Матига доглозуш хьоьжуш а ӏийна лейтенант, майор чуьра араволуш тӏаьхьа а сецна, Мансуран лере таьӏира:
– Шуьшиъ гена вахалур вац. Воккха стаг гӏийла ву. Тӏайл дехьа ваьлча, дукха генайоццуш цхьа жима чайхана йу шуна. Цигахь буьйса йаккха. Ткъа шаьшшиъ начальникна йуха гучух а ларло. Дера стаг ву шуна иза.
Мата а, Мансур а бода болале йуьртах аравала сихвелира…
Кешнашкара араваьлла вогӏучу ӏалхина ишколна уллохула тӏехволуш дагадеара ша дӏабаханчу баттахь партвзнос дӏайелла цахилар. И декхар тӏерадалар а, суьйранна делахь а, шен хьаша Бороденко гар а хир ду аьлла, школе чувирзира иза.
Николай Кузьмич шен кабинета чохь а ца карийна, школан кертахь долчу церан цӏа вахара ӏалха. Арайаьллачу хӏусамнанас, хӏара чу ца веача, неӏ тӏе ца чӏегӏира.
– Валол чу. Таханлера де билгалдаккха накъост воцуш охьахиъна доллура тхойша.
ӏалхина хӏинцца дагадеара тахана 23-гӏа февраль хилар.
Стоьла тӏехь ангалин жимачу кхабанна чу хӏоттийна хӏетта ломан когашкахь маьлхан басешкахь хьаладийла доьллачу кегийчу зезагийн курс йара. Бошхепаш чохь – борщ, хи чу йоьхкина наьрсаш, копаста а. Кхоалгӏа гӏант хӏоттийна, ӏалха охьахаийра цара. Буфетан неӏ схьа а йиллина, оцу чуьра схьаэцна буьххье боьллина кехатан тӏус болуш шиша а, кхоъ стака а деара Николай Кузьмича.
– Оха тхаьш даьккхина къаьркъа ду хӏара, ӏалха, – элира цо, иза стаканашна чу а дуттуш. – Хӏан, дӏаэца!
Николай Кузьмич цхьана ханна вист ца хуьлуш ӏийра, стаки чу а хьоьжуш.