Хӏокху тӏамехь шайн халкъаша гайтина турпала хьуьнарш гойтуш. Цара а, вайн махкарчу массо халкъаша а. Хӏунда аьлча церан даймохк бу, шайн дайн лаьттах кӏоргга тесна орамаш ду церан. Орам буьтуш, хадийна дитт, йуха маргӏалш а тосий, денлой, заза доккхий, дӏахӏутту, цунна тӏера даьржинчу стоьмаша кхин хьун кхиайо. Амма орамашца бух даьккхина дӏакхоьссина дитт, дакъалой, дахкалой, хӏаллакьхуьлу. Ткъа нохчий а, гӏалгӏай а, кхин масех халкъ а и орамаш бухдохуш шайн даймахках даьхна, казахийн аренашка, лаьмнашка даржийна. Уьш хӏаллакьхуьлуш ду, мозий санна, мацалла, шелонна. Шайга беана бохам цалалуш а. ӏожалла ца хилла дийна бисинчех хӏун хир ду? Цхьа ах бӏе, бӏе шо даьлча, бухарчу къаьмнех дӏаийна, ларйоцуш довр ду и халкъаш. Шайн къоман мотт, истори, культура, гӏиллакхаш, амалш йицйина. Дуьненахь нохчийн, гӏалгӏайн, гӏалмакхойн, балкхаройн, кхарачойн, гӏирмерчу гӏезалойн а халкъаш хиллийла хууш цхьа кӏеззиг ӏилманчаш хир бу. Оцу халкъийн цӏе йоккхур йу «деллачу халкъашна» йукъахь. Тӏаккха хаьий хьуна, Николай, сан халкъе беанарг мел боккха бала бу?
Николай Кузьмич, шен киснара бӏаран диттах дина томкийн гӏутакх схьа а даьккхина, газетах цигаьрка хьарчо вуьйлира.
–Ас-м цхьа бӏе шо даьлча хиндерг дуьйцу, – йуха а къамел долийра ӏалхас. – Тхо махках даьхна цхьа шо кхаьчна, амма тхо махках дохуш йа схьадалош новкъахь гинчарна, йа кхузахь дехачу халкъашний бен ца хаьа тхо махках даьхнийла, тхоьга хӏоттийна ӏазап а. Ткъа иза хууш болчу нахах дукхахберш теша тхуна тӏехь дина таӏзар нийса дина хиларх. Уьш теша, нохчаша Гитлерна гӏо дина, нохчаша даймахкана йамартло, тешнабехк бина, уьш шен йерриг исторехь Россина тӏелеташ, разбойникаш, цӏийна сутара халкъ хилла бохуш, даржочу харц эладитанех. Царна ца хаьа нохчийн халкъо цхьа а кхечу къоман махках цхьа ге латта а дӏа ца лаьцнийла а, кхечу халкъан махка тӏе а бевлла, цхьана а стеган цӏий ца ӏанийнийла а, цхьана а халкъан маршонна дуьхьал герз ца айбинийла а. Масех бӏе шарахь нохчийн халкъо шен маршонехьа къийсам латтийна паччахьан колонизаторшна дуьхьал. Ткъа нохчийн халкъо Гитлерна гӏо муха до, нохчийн махка тӏе фашистийн цхьана а салтичо ког биллина ца хилча?